— Ишта йаздийраш а бу?
— Бу, — элира Керима. — Амма цу йуккъехула, къоман гIуллакхах хIинцале шайна хазна йаккха гIертарш а бу… Муьйлуш, сакъоьруш, эхь дайъина, чинашка кхийдаш… Дукха хан йоццуш цхьамма ЦК заявлени а йаздинера: ша хила хьакъ вара хIокху газетан редактор, важа дIа а ваьккхина, иза кулакех ву, аьлла.
— Тпуй! Делан неIалт кхунна! Декъаза къам хилла-кх вай! Декъаза! Сел кIезиг бен боцчу вайн дешначаралахь а оццул йовссарш хилча! Делахь а, газете а йазло, чу радио а йиллийта вайна, ши йоI! — омра дира цо мехкаршка.
* * *
1957-чу шеран июлан довхачу дийнахь колхозан контора йуьззина чугулбеллера правленин а, парторганизацин а жигархой. Райкоман векало хаам бира хIинцца Москвахь антипартийни группа йохийнчу ЦК-н июльски Пленумах лаьцна. Партин ХХ-чу съездан толам цо кхин цкъа а тIечIагIбинера.
Цул тIаьхьа кхин а чIогIа хийцаделира нохчийн а, гIалгIайн а, массеран а дахар: болх кхин а диках балора, синпаргIато алсамйелира.
Нурседий, Селитий чIогIа йоккхайера хиллачу хийцамех, амма массо хIуманахчул боккха тамаш бора цу шимма хIинца Тавсолтин хийцавелла варах.
ДегI айделла вогIура хIинца балхара цIа Тавсолта. Цуьнан аз, тохара цIахь санна, йуха а стамделлера, ондда догура, цIоцкъамаш кIелхьара, декъа лепачу бIаьргийн нур а. Са чу деана, бедарца а лерина лела велира и хIинца. Маж — мекх а йуьртан парикмахерскехь доцца лоргуш, басардайтира: «Шемала а дуьллура гIина», — шена бакъо карийра цунна. Оцу хийцамах къаьсттина цецйаьллера Селита: «ХIун хила гIерта техьа?» — ойла йора цо. XIopа сарахь, кечлой, араволура воккха стаг. Кхин а цхьа хан йаьлча, массо уьш чохь а болуш, дог ца догIучуха эккхийтира дас:
— Зуда ца йалийча а вер вац!
Селита цеце дIахьаьжира цуьнга:
— ХIунда?
— «Цхьаъ мегар а йац, цхьаъ йоцуш мегар а вац», — кица далийра цо.
— Зуда йало хан йу хьан, ва дада?
— ХIинцца бен ма ца ваьлла со кхузткъара а…
— Мила йу и, дада? — хаьттира Нурседас.
— Джейран, — хIинццалц къайлехь латтийнарг гоьделира. Ши йиша, йист ца хуьлуш, IадIийра. Цу шимма и дика тIе ца эцарна, дог эшна аравелира Тавсолта.
— Хьо хIунда йац реза, Селита? Йалайайтахьа. Ца го хьуна цуьнан тохавалар?.. Боьрша ма ву и. Джейран вон стаг а йац.
— Кху вай цIа гlyp ду боххучу муьрехь, сов йуккъехула хета-кх… Иза а эцна… ненан коша тIе а муха хIуьттур ду вай. Суна-м хьарамло хета и!
— ХIунда хета? Вайн нана йелла дейтта шо даьлла. Цхьаболчара-м зудчунна тIе а йалайо зуда… И йу-кх хьарамло!.. Йалайайтахьа! Дуьне дай xIapa-м!.. Цунна доттагI а, вайна нана а хир, сан бераш а Iалашдеш…