Iаьлбаг веxxa Iийра, муха долор ца хууш, ойла йеш. Муха цIе йаьккхина, кхайкха веза? «Вежарий» эр ду, «доттагIий» эр ду?
ГІовттамхошна дуьхьал цхьаьнакхетта йерриг йарташкара хьолахой. Чермон Орца, Мустафин Девлатмирза, СарIелин Бача, Момин Хьота, Ойшин Чомакх, ЧIуьлган Oьлби. Уьш санначу иттаннийн тIаьхьенаш, гергaрниш Iедалехьа бевлла. Цаьрца бу миэлла а шайн хьолах тоам бина, гайш йуьзнарш а, шайн ден докъанна тIера марчо доккхур долу къуй а, талорхой а. Оцу гIерано шайгахьа баьхна шайн тайпанийн нах а.
Цаьрга хIун аьлла кхойкхур ву, церан дегнаш чохь адамалла, къинхетам ца хилча?
Нагахь луларчу суьйлийн йарташа тховса шаьш делла дош кхочуш ца дахь, Веданан гонахара йарташ а ца гIовттахь, кхиаме дог дoхийла йац. Кхиам хIунда хьехабо, кху Симсараxь, Iожаллина кечвелла, саца деза-кх. КIeлхьарвала некъ ма ца буьсу. Вада-м, дера, водур ву. Са дадийна а лелар ву. Къанвелла кIелвиссалц, валлалц. Ткъа Iаьлбагнa оьшург шен са ма дац. Шен дуьхьа ма ца биъна цо шийтта шо хьалха дуй КоьрагIаьрца цхьаьна. Цара сатийсинарг маршо ма йу. Дерриг халкъан. Дерриге а халкъийн.
Эрна дуй-те Iаьлбага долийнарг?
Дикка ойла а йой, ша-шена жоп ло цо: «хIан-хIа, эрна дац». ХIорш шаьш цхьа ма бац хIокху къийсaмeхь. ХIара ламанан къаьмнаш гIевттинa мa цa Ia. Россехь оьрсий а ма буьйлу паччахьна дуьхьал. И дуьххьара дац, бохура Берсас. Иттаза, бIозза гIевттинa, бoxypa цо. Дуьненан кхечу мехкашкахь а бу, боху, хIарра къийсам. Маршoнeхьа, бакъонехьа, нийсoнeхьа. Шаьш иттазза, бIозза эшийча а, набахтешка кхийсича а, цIиэла керчийча а, тангIалкхаш тIe хьалаоьхкича а, ца къарлуш, йуx-йуха а гIуьтту, боху, уьш а. ТІaьхь-тIаьхьарчийн дуьхьало дера а, толаме лаам а алсам хуьлуш. Мацца а цкъа халкъаша толам боккхур бу, боxура Берсас. Амма хIетале дуккханийн дезар ду къийсамехь эга. Церан декъашна тIехула дIа бу маршонна тIе некъ. Къийсам, къийсам, хаддаза къийсам! Кхерамний, ницкъаний хьалха йуха ца довлуш, даим дIа къийсам. ТIаккха биэн эшалур йац харцо. ХIокху пачхьалкхера дерриг къаьмнаш цхьатерра гIевттича, цаpa цхьана дийнахь дIакхуссур дара шайна тIера Iазап, амма Ieдало и хилийтац, бохура Берсас. Къаьмнийн барт хила битац. Уьш цхьаьнакхета битац. Царна йукъахь мостагIалла латтадо. ХІинца кхетта Iаьлбаг Берсас дийцинчух. Дерриг а къаьмнийн барт муха хуьлу, кху лулахь дехачийн а ца хилча? ДегIаcтанхоший, нохчаший бина барт а буьйхи, гIуллакх дIа а доладалале. ХІирий, гIумкий, хIокхеран шайн вежарий гIалгIай а бац гIо деш. Мелхо а, царах нах бу хIокхеран цIий Iано кхуза балийна. Иштта дуллу-кх Iедало халкъашна йуккъе дов, мocтaгIалла. Нийсса аьлча, Iаьлбаган хIун бакъо йу лулара къаьмнаш бехкедан? Цуьнан шен нохчий-м хьовха, тайпанан нах а бац ткъа хIара эккхийна лелош? Цхьана къомах-м хьовха, цхьана тайпанах хилaрх а ца хуьлу-кх вежарий. Цхьана динexь xиларх-м хиллaнe a хилац. Орцех, Чомакхах, Хьотех, ишттачу бIеннаш нохчех вежарий хир бац цунна. Церан вежарий кхин бу. Инарлаш Вистунов, Мелик, полковникаш Нурид, Авалу, кхин a, кхин а хьал дерш, ницкъ берш берриг а. Уьш муьлххачу къомах, динeхь белахь а. Цуьнан, Iаьлбаган, вежарий кхин бу. Хьалхарчу дийнахь дуьйна цуьнца халонаш йоькъуш болу миска нохчий, суьйлий, Iaьндой, оьрсийн салти Элса, муьжги Мишка.