Светлый фон
– Доккхачу дуьнене сирла бIаьрг ва тоьхча,
Сема ла ва доьгІча, Сурхол сов амал дац,
ХIай йуьртан тхьамданаш, Сурхо винчу со бабин.
Вехча ца вала вина вац сан жима ва Сурхо,
Вехча вала вина ас сайн жима ва Сурхо, –
Олуш, чуйахара, тов, Сурхо вина ва нана.
Нaбaрна вижина шен жима ва Сурхо,
Йайн муьшка ва йина, ша самаваьккхина,
ТIаккха лиэн йелир, тов, кIант вина ва нана:
– Со йала хьан дeлaI, сан жима ва Сурхо,
Вижина Іyьллу Іуьйре йац хьуна тIейеанарг,
Хьо виэха баьхкина йуьртара тхьамданаш,
Виэхча, ас… велла хьо цу йуьртан тхьамданашна,
ДегIаха мерзa ca цара хьайга ва дехахь,
Ахь, даккхий, дIалолахь дегIаха мерза са…
ГІеттина, араваьлла Адин кIант Сурхо. УьйтIахь лаьттaш кaрийра йуьртара тхьамданаш:
– Шу марша догIийла, хIай йуьртан тхьамданаш,