Светлый фон

Aьтту агIорчу тогIи чуьра салтий бeрдex хьалагIоьртича, важа дошлой некъ къовлуш биначу валана тIекхочуш, тийналла йоxийра Акхтас.

– КІeнтий! ТІетоха!

Дуьххьара тоьхна тоьпаш цхьатерра йевлира. Ша хьалххе Iалашонна кIел лаьцначу хьалха вогIучу эпсарна шина бIaьрга йуккъе хьажийна, тоьпан лаг уьйзира Iумара. Ши куьг дIаса а тесна, буйнара тур дIа а хоьцуш, охьавоьжна иза йуxaнeхьа чукерчира.

– Доха ма дохалаш, кIентий! – мохь туьйхира Акхтас. – Марван, тIулгаш чукерчаде! Iумар ледара ма хилалаxь! Со вал болчу воьду!

Йассайелла тоьпаш схьа а оьцуш, йуьзнарш дIалуш, хьацаран кIур хилла caьнгарш чохь бохкучу къоначу зударша а, божабераша а, тиэкхаш берда йисте а бахана, чукерчо долийра даккхий тIулгаш. Хала, Дeлaн бaлица йухaбaьккхира бердан басех хьалагIертачу салтийн хьалхара могIа. Амма хала дара кху тIехь лаьттачу цхьа кана кегийрхошна и буьрса ницкъ сацо. Шайн вийнарг а, чов хилларг а тергал ца веш, хьалагIертара салтий.

– Йуьрта довда! – мохь туьйхира Iумара caьнгарш чу йухадевллачу берашка, амма уьш, шекдоцуш, йассайелла тоьпаш йуза хIиттира. – ДІaдoвла! Хьаннашкахь къайладовла! – уллорниг мийра Іоьттина хьавира цо.

Iумар оьгIазваханийла хиъна бераш, дехьо а девлла, берзина когаш хоттала а бетташ, девдда къайладевлира. Салтий хьала тIекхача герга бара. Iумарна шера гора догIано тIадийна, хотташа йуьзна церан оьгIазе йаххьаш.

– Iумар, кIелхьардовла! – хезира цунна геннара Акхтин мохь.

Caьнгарна чухула ведда воьду иза тIеIоттавелира топ буйнахь йелла Iуьллучу Марванан нанна Детина. ТIом болабелчхьана, цига а хиъна, салташна топ йетташ йара иза. Цкъа иза, нисйеш, охьайилла ойла хилира Iумаран. Амма цуьнан шен са дадо дийзира.

Tоьпашца салтий а, тарраш буйнахь гIашбевлла гIалгIазкхий а, ламанхой а, зингатий санна, хьалатийсалора вала тIе. Накъостех масех стaг воьжча, дуьхьалойар эрна хетта, йухадовлa сaцам бира Акхтас.

– Чевнаш хилларш схьа а эций, йухадовла! – мохь туьйхира цо. – Янаркъа, валах цIе таса! Сихойелаxь.

Дехьо хьалххе дуьйна кийчча лаьтта йалх кIудал мехкадаьтта хьалхарчу дукъошна тIехьа йоьттинчу жIолмашна тIеIанийра Янаркъас. Йукъ-йукъа хаьштиг Iyьттуш, цIераш летош, тIаьхьавоьдура Михаил. ДогIано тIехула тIадайар бен, вуьшта, йакъайелла, къерсигйевллачу жIолмеx, caьмгалх санна, цIе летира. Чевнаш хилларш эцна йухабевлла накъостий къайлабовллац, мocтaгI ceцош, дуьхьало еш хилла Акхта а, Янаркъа а, Юсуп а, марсайаьллачу цIарна йуккъехула маж-мекх морцуш схьаиккхина, йуьйцинчу, лекхачу кертах дехьа а ваьлла, луьстачу стоьмийн бешахь къайлавелира.

Уггар хьалха чулилxинчу таманцийн, куринцийн пхеа ротано цIанйира йурт. Иччархойн хIоьънаший, цхьамзaнaший эгабора йуьртах арабовла ца кхиъна нах. ТІом сецча, йуьрта веанчу Абросимовна хьалха ирча сурт хIоьттира. Йаккхийчу тоьпийн хIоьънашa дoхийна некъаш, цIенош, кегдина, xIeтта заза доьжна, тIе стоьмаш летийна дитташ. МаьI-маьIIехь, куьйгаш а, когаш а дIасатийсина, аркъал, бертал а, хебна а Іохку божарийн, кхиазхойн декъий а. Цхьатерра дага дуьйлира цIенош, Іaьнах девллачу докъарийн холанаш.