– Суна хаьа айса хIун до! – тур батта даxийтира цо. – Нах сецо ца оьшу. XIинца йухабовла некъ ма бац царна! Лаахь а, ца лаахь а, гIовтта дезар ду!..
– ХIаъа, ден маж схьалаьцна девлла вай, – элира тIевеанчу ТангIайс. – XIинца дIахоьцийла дац. XIинца хIун до вай?
Месала куй хьала а теттина, коьртах мІараш хьаькхира Iабдул-Хьаьжас.
– Цхьа агIо йаккха йеза, – элира Болата, баккхийниш бист ца хуьлуш севцча. – ХIара гIуллакх дукха ца Iаш Ведана, Чахкара, Шуьйта а дIакхетор ду. Шеко йац цигара схьа эскарш хьовсориг хилaрaн. ХIара нах йа дуьхьалонна кечбан, йа, кхузара дIа а баьхна, Iаьлбагах дIатоха беза. Шуьшинна хIун хета?
– Лата ца гIевттина вай? – хьаьжайукъ хабийра Iабдул-Хьаьжас. – Цхьа а стаг дIавер вац кхузара. Со йисина йарташ гIовтто воьду, ткъа аш кхааммо тIамна нах кечбе.
– ХIара Овхьад Iаьлбагна тIе хьажийча, бегIийла ма хетара суна-м, – элира Болата, ойла а йина. – Цунна кхузара хьал хаийта. ТІe, иза ша схьавогIийла а лаьа нахана.
Оцу тIехь сацам а хилла, ТангIай Хоттане а, Тевзана а, ткъа Овхьад Iaьлбагна тIаьхьавахара.
Амма оцу буьйсано буххера хийцира церан планаш…
2
МахкатIехь хилла гIуллакх боккхачу тидаме ийцира командующис. Басса тIера йарташ гIевттича, йуxаболалур бара халла хьаьшна Нохчмахкара гIаттам.
Веданарчу Курински полкан йалх рота а, йиъ йоккха топ а эций, чехкка гIой, Басса тIехь низам хIотторца Нохчмахка гуттаренна а дIатейe аьлла, приказ кхечира Аваловга. Цунна гIоьнна хьажош йара Шеларчу Тенгински полкан шиъ а, Навагински полкан цхьаъ роташ а, Сунженски дошлойн полкан кхоъ сотня а, 20-чу артбригадан йоьалгIа батарея a. Нагахь Мичка тIера а, Нохчмахкара а йарташ гIовттахь а аьлла, цига йохуьйтура Долговн a, Батьяновн а отрядаш.
Йерриг отрядаш цига ца йуьгуш Басса тIера гIуллакх машарца дерзаре догдохуш, оцу суьйранна шеца цхьа рота салтий а болуш МахкатIе кхечира Авалов. Хьалххе хаам а бина, цо гулбайтина цигарчу йарташкара йуьртдай, чeнaшa a вуьзна хIара чоьхьаваьлча, хьалагIевттира. Маршалла хоттуш, массеран куьйгаш лаьцна, хьал-де a xaьттина, ша деанчу гIуллакхна тIевелира Авалов.
– XIун ду керла, наха хIун боху?
Дуьзначу йуккъерчу дегIара хоттанхойн йуьртда, дIаса а хьаьжна, накъосташа дош ца аьлча, кIедачу озехь вистхилира.
– Нах карзахбевлла, полконак! Дийца диканиг дац. Хьовр-зIовр йу гуобаьккхина. И Ioвдал адамаш, эладитанаш айъина, цIахь а, кхаш тIехь а болх ца беш, дуьйладелла лела.
– Ткъа шу хIун деш Iа? Йуьртдай а, тхьамданаш а? Тахана шун мера кIел милицина дуьхьало йина махкатIхоша. ТангIай, ахь хIунда ца совцийра нах?
Дуьхехь лохачу гIанта лахвелла Іен ТангIай меттахъхьайра.