«Мичахь йу-те Маьлхаш? – ойла йора Дадас. – Да, вежарий дийна буй-те цуьнан? Догдилла деза-те ас сайн безамах?..»
Дада шен ойланех йукъахваьккхира Органан гIергIарна йуккъехула деанчу зeвнечу озо.
– Ваши-и-и!
И аз гIенах санна хийтира Дадина. ХІокху къорачу лаьмнаш йуккъexь, и цIе йоккхуш, цуьнга мила кхойкхур ву?
– Ваши-и-и!
Дада, хьала а гIеттина, дIасахьаьжира. Хил дехьа бIaьрг тоьхча, хьуьна йисттехь сирачу говрахь бере гира цунна. Уггар хьалха – шен вешин говр, тIаккха вешин кIант вевзира цунна.
– Мовсар!
– Ваши!
Сихха говрана тIе а вахана, гаьллаш бага а йоьхкина, кхоссавелла тIе а хиъна, хи чу тесира цо и. Чехкачу хино охьаийзо говр, мераIуьргаш сийсош, «хур-р» деш, дехьа а йаьлла, йегайелира.
– Хьо мичахула кхаьчна кхуза? – хаьттира Дадас, дIакхевдина вешин кIант мара а вуллуш.
– Шама схьаваре хьоьжу-кх.
– Иза мичахь ву?
– Хаац. Ша схьаваллац Iе аьлла, цо схьахьажийна со.
– Ашшимма хIун до?
– Амина тIаьхьавоьду.
Доьзaлeхь массара а Ами олура Iуммех.
Дада цецвелира.
– Салташа йурт йагийча, оьгIазваханера Шама. Вайн ший цIенош а дагийна.
– Гина суна, – йуха а кIант тIеозийра цо.
– Ахь хIун до, ваши?