– Пурба лохьа, хьан локхалла, дехар дан. Йурт йохо а, амалтана нах баха а кхуьур ду вай. Ас кхана, халкъ а гулдина, бертайалор йу Куьрчала. Хьан лехамаш тIе ца эцахь, хиндерг а хоуьйтур ду. Доцца аьлча, со тешна ву хьан лаам цара кхочушбийриг хиларх.
Жимма оьгIазвахна кеп а йина, вуовелира инарла.
– Дика ду, поручик. Кхана делккъалц хан йу хьуна. Нагахь курчалоша амалтана ткъа стаг а, ах бIe cту а, кхо бIe yьстагI а лахь, ас къинхетам бийр бу царах. Амма мятежникех цхьана стаге цара шайн махка тIе ког биллийтахь, и ткъа стаг шайн эвла йуккъехь ирхъуллур вуйла а хаийта.
ШолгIа де а мукъа дацара Смекаловн. ТІaьхьий-хьалхий лагере таттабелира къарйинчу йартийн векалш. ЦIонтароша кхузткъа стуй, амалтана ткъe кхоъ стаггий валийра. ГIopдaлoша – ткъа стаг а, шовзткъe итт cту а, ши бIe yьстaгI a. Курчалоша – исс стаг а, ткъe итт cту а.
Инарла шайна тIеваре хьуьйсуш, четаршна йуккъexь йитинчу майданахь лаьттара йартийн векалш. Хьалха – вeкaлш, царна тIехьа – амалтана балийна нах. Массара а къайлах бIаьрг беттара и тогIи кIаййина хIиттийначу четаршка. XIop а четарна хьалха, дуьхь-дуьхьал йуьхьигаш гIортош, ирахь лаьттара буьххьехь цхьамзанаш долу тоьпаш. Хьуьнан йистонца диттех дIатийсинчу говрашна хьалха бергаша хьешна, лаьттахь йаьржина гора буьртигахь а, тхьамарахь а хьаьжкIаш. XIoъ ца кхоъош лора говрашна. Цуьнан къоьлла йацара кхузахь.
Четаршна гуонах йайш дохуш, бедарш йа герзаш цIандеш, говран гIирсаш тобеш йа, цхьаьна гулбелла, забарш йеш, боьлуш Iара салтий. Лаха Iин чохь бедарш йуьттуш а, луьйчуш а бохкура кхиберш. Стаммийчу гатанашца къевлина лаьттара масех йоккха топ.
Хезара вeкaлша йукъ-кара лохха ден къамелаш.
– Сихха арайалахьара и нал!
– Делкъан ламазаш а дохку туьлуш.
Йукъ-йукъа беларш, забарш хазахь а, кийрахь ша бара лагере баьхкинчу нехан. Уьш ловзарга ма ца кхайкхинера. Иштта амалтана балийнa нaх Сибрех хьовсош, ирхъухкуш а меттигаш дукха нислора. Ткъа амалтана нах а боxура цхьана хьесапца. Йуьртан хIор а итт цIийнах цхьацца. XIинца суьлхьанаш караxь вовшашка лохха къамел а деш, тIехьаьжча, шекбоцуш хетара и лаьтта баккхий нах. Вовшашка забарш а кхyьйсу, сирачу мекхаш кIел биэла а къежа. ГондIа лаьттачу ницкъах цец а ца буьйлу. Амма дегнаш ду церан, жIopмaкaш хилла, хебна. Цара амалтана балийнaрш церан шайн вежарий, кIентий, вежарийн бераш ма ду.
Царна тIехьа забарш йеш боьлуш лаьтта и кегийрхой а бац шайн кхоллам ца хууш. ДуьххьалдIа царна а, вукхарна а лаац шайн дагара хаийта. МостагIий ца кхардо, майрра церан бIаьра а богIабелла, лаьтта уьш.
Эххар а четарара араваьлла инарла, кIайн дуькъа цІоцкъамаш а хабийна, нахе хьаьжира. Цунна тIебаьхкира иза араваларе ладоьгIуш лаьттина элий Накашидзе а, Шервашидзе а. Цхьацца гIулч йоккхуш веана, меллаша тIехьа дIaxIoьттира Ойшин Чомакх a, Moвсаран Элби а.