Гете
1
Оьздамара беанчу хаамаша меттара гIаттийна Іаьлбаг Коьрин бертаза Чеччалхе сихвелира.
– Хьо могаш вац, Iaьлбаг, вижий Iехьа, – сецавора иза доттагІчо. – КъосамгIар шаьш а ларор ма бу цигахь. Нагахь оьшуш хьал делахь, сой, Къайсаррий гIур ву.
– ХIан-xIa, Коьра. Цигахь хIоьттинарг шатайпа хьал ду, – aьттехьа а ца дитира Іaьлбага. – Аренцарчу йарташкара эпсарш тIамехь а битина, и Хьота боху зуд лаа ца далийна цигара цIа. Инaрлa сoнтa мa вaц цуьрриг а. ЖІaьла къасто хиъна цунна!..
Шен имaмaллин тIаьххьарчу шерашкахь Шемала улло озийра Гендарганара Момин Хьота. Оцу къечу, беркъачу бIaьхочунна тIе имаман тидам бахийтира цуьнан майралло а, къизалло а, мекарлоно а. Нохчмахкахь имамна дуьхьалйаьлла йурт къарйечу хенахь, шегара йоккха жигаралла гойтура Хьотас. Цунах лахара наиб а вина, таIзарийн жимочу отрядна коьрте хIоттийра иза имамо.
Ши-кхо шо далале Ноxчийчоь йуьйжира. ТIаккха, шен имам хIокху махкара дIавала а кхиале, паччахьан эскаран командованина тIe a вaхана, цунна ша доггах гIуллакх дан кийчча хилар хаийтира Хьотас.
Паччахьан инaрлaшна а oьшура иштта нах. Йамарт, къиза нах. Церан куьйгашца кху халкъан дуьхьало хьаша, кхузахь шайн Iедал чIагIдан.
Момин Хьотас доггах кхочушдира шен дош. Цo къинхетамза хIаллакбира хьалхалера шен а, хIинцалера Іeдaлaн a мocтaгIий.
Iедало эрна ца дитира цо дина гIуллакх. Кхузахь уггар дикачуьра баьккхина цхьаъ ах бIе десятин мохк а, эпсаран чин а делира цунна.
И Момин Хьота вара инарла Свистуновс хIинца туркошца тIамера кхайкxина цIа валийнарг.
Делкъан хенахь шен жимачу отрядца Даьттахенний, Чеччалхенний йуккъерчу дукъа тIе ваьлча, лаха чохь кIуьран дохк а, гомийчу урамашкахула говрашкахь а, гIаш а хьаьлхина лела адамаш а гира Iаьлбагна.
ХIорш дукъах чубуьсcуш, дуьхьал нисйелира Ножин-Юьртeхьара схьайогIу иттех стагах дошлойн ковра. Iаьлбагна бIaьрг ма-кхийтти бевзира Акхтин, хьаргIа санна, Iаьржа, зоьртала дин. Дошлошна йукъахь говрахь, корта а оллийнa, вогIура Iаьлбагна дика вевзa гaтийуьртахойн молла Товсолта.
Дошлойн ковра тIекхаччалц сeцира отряд. Даим санна, кхоьлина, буьрса хуьлучу Акхтас деро салам делира.
– Аш хIун до, Акхта? – цецвелира Іаьлбаг.
– Хьо волчу догIура тхо-м.
– Ас кхайкхина-м мa дaц шу. Эскар-м ца деана Гати-Юьрта?