Светлый фон
Сулаев Мохьмадан доIанийн поэзех

Сулаев Мохьмад йазйан хьалххе волавелла, шен 14–15 шо долуш. Дуьххьарлера шен говзар «Малх тулур бу» цо йазйо 1943-чу шарахь, Итон-Кхаьллахь ша лор болх беш волуш. Оцу поэмин чулацам патриотически бу. Кхечу кепара хуьлийла а дацара. СССР-на тӀелетта луьра мостагӀ. И мостагӀ Ӏаьржачу боданан суьртехь ву. И бода, маьлхан серлоно иэша а бина, дуьне паргӀатдоккхур ду. Цу кепара метафорически аллегорех пайдаоьцу къоначу поэта.

Схьахетарехь, бусалба Ӏилманах а, нохчийн халкъан поэзех а кӀорггера кхиъна хилла Мохьмад. И билгалдолу, 1942-чу шарахь цо Итон-Кхаьллахь ша лор болх беш волуш йаздина доӀанаш дешча.

ДоӀанаш нохчийн фольклоран уггаре а ширачех жанр йу. Цуьнан чулацам АллахӀ-Деле беш болу кхайкхам бу, дехар ду. Ткъа нохчийн исбаьхьаллин литературехь, доӀанийн поэзин лироэпически жанр кхуллуш, дуьххьара къахьега волавелларг Сулаев Мухьаммад хилла. Шеко йоцуш ду къоначу поэта нохчийн фольклоран поэзех, къаьсттина нохчийн халкъан доӀанех, пайдаэцна хилар. И гӀуллакх вай лахахь, Ӏилманан талламца масалш а далош, тидаме оьцур ду. Ткъа кхузахь вай билгалдоккхур ду поэтан доӀанийн уггаре а коьрта маьӀна — Сулаев Мохьмад АллахӀ-Делах тешар, цо бусалба дин, ийман кӀорггерчу кхетамца тӀеэцна хилар. Цундела вирзина и доӀанашка. Амма и чӀогӀа къайлах хилла, нагахь ца хиллехь, иза дийна а вуьсур вацара цу заманахь. И хан Сулаев Мохьмада, ша-шеца ойланаш йеш, АллахI-Деле кхойкхуш, цуьнга дехарш деш, исбаьхьаллин лаккхара чулацам болуш, философски маьӀна долуш доӀанаш кхуллу хан йу. ДоӀанашца йу цуьнан бакъйолу поэзи, даг тӀера йолу ойланаш. Царах цхьадерш вайга схьакхаьчна — 1996-чу шарахь, уьш «Орга» журнала тӀе «Сан доӀанаш» аьлла, Шайхиев Ӏалвадигахула зорба тохийтина М.Сулаевс. Оцу доӀанашна тӀаьхьа Шайхиев Ӏалвадис Мохьмадера эцна интервью а йу, «Делан диканца!» цӀе а йолуш (2). И ший а хӀинца воцуш ву. АллахӀ-Дала декъалбойла уьш!

Дешархошна Сулаевн доӀанаш довза аьтто хилийта хӀокху гулар тӀехь уьш йуха а зорбане дохур ду вай ТӀетохаран декъехь. Дешархойн аьттонна, доӀанаш тIера масалш далош, доӀанийн а, стихийн а могӀанийн рогӀалла терахьашца билгал а йоккхур йу — хьалхарчу терахьо доӀанийн рогӀалла къастайо, ткъа шолгӀачу терахьо доӀанийн поэзин рогӀера могӀа билгалбоккху. Сулаев Мохьмада ша доӀа кхоьллина хан а, меттиг а леррина билгалйоккху. Цундела поэтан кхолларалла толлуш волчун аьтто бу хӀора доӀанан нохчийн халкхан цу хенахь хилла йолу истори а, социальни хьашташца йолу уьйраш а къасто, поэтехь болу сингаттам а, кхетам а гайта.