Светлый фон

ХӀокху статьяца дӀаболо дагахь ду вай Сулаев Мохьмадан доӀанаш а, кхийолчу жанрийн говзарш а толлуш болу Ӏилманан болх. Кхузахь вай, филологически тидам беш, анализ йан хьовсур ду хьалхарчу доӀина. Сулаевн хьалхара доӀа шина декъе декъало. Хьалхарчу декъехь поэта ша доӀа дале, АллахӀ-Деле кхайкхам бале, шен йерриге а ойланца, дагца ша бина кечам буьйцу: «Сайн синца, йуьхьаца Хьоьгахьа вирзина, Йерриге а ойланца Хьуна тӀевирзина, Меттан ницкъ берриг а Сайн дагца гулбина, Йо, Дела, со Хьоьга Доьхуш ву тахана…». –8. Нохчийн фольклорца исбаьхьаллин уьйраш билгалйовлу поэтан доӀанан хьалхара могӀанаш долалушшехь. Вай къастадо коьчалниг дожарехь доӀанехь хьалхарчу стихашкахь коьрта долу ши дош: синца, йуьхьаца. Поэта тидаме оьцуш дерг, къастош дерг ду адамо деш долчунна жоьпаллин ши хӀума хилар: стаг велча Кхоьллинчунна жоп дала дуьхьалхӀуттун долу са а, лаьттах схьайаьлла йолу, йуха лаьттан кийра гӀон йолу дегӀан чӀуьйриг (чарх) а адаман йуьхьаца (дагца) цхьаьна. Сулаевн хьалхарчу доӀанехь пайдаоьцуш вай лакхахь къастийначу шина дешан маьӀница шен-шен уьйр йолуш дешнийн ши тоба йу: 1. Синца — ойла, хьекъал, корта; 2. Йуьхьаца — дог, мотт. Дешнийн и тобанаш къастош, реконструкци йеш, вайна билгалйолу Сулаевс пайдаэцна нохчийн фольклорехь а, буьйцучу маттахь а поэтически формула хилла лелаш йолу дешнийн цхьаалла: дог-ойла. И дешнийн цхьаалла, поэта ма-ярра, шен кепехь доӀанан текстехь йалийна йац. Амма и поэтан синкхетаман контекстехь хиларан тачанаш билгалдовлу, хьалхарчу стихан коьртачу дешнийн тобанаш къастийча. Контекстехь йолу формулан дешнийн рогӀалла а, цуьнца цхьаьна йукъара маьӀна а хуьйцу Сулаевс, поэтана дика йевзаш йолчу фольклоран поэзехь а, буьйцучу маттахь а (халкъан философехь) хьалхадоккхуш — цундела коьрта ларалуш дерг дог ду. Масала, «Мусин Юсупан илли» тӀехь Юсупа шен даге боху:

— Да велла диса хьо, Кийрара дилхан дог, Хьайна там ва хилча, Йишин бер ва санна, Ма коча качло хьо. Хьайна там ца хилча, Меца борз ва санна, Ма чӀогӀа дарло хьо. Сайн нанас биллинчу КӀедачу ва меттахь, Хьешана диначу Готтачу оти чохь, Наб кхета ца вуьтуш, Ахь чӀогӀа хьийзаво, Кийрара дилха дог. Диканна ва хуьлда Хьан карзахдалар, Сан ойла дӀайаьхьна, Сан синтем бохийна, Обарган хала дакъа Ва соьга кхийдош, Ахь чӀогӀа хьийзаво, Кийрара дилха дог…(6). ХӀокху узаман жанран билгалонаш йолчу инзаре хазачу исбаьхьачу говзарехь дог гуттар а эпитеташца (кийрара, дилха) къастадо. Ткъа ша узам диалоган кепехь кхоьллина бу. Диалог узаман турпалхочо (Юсупа) шен дагца йеш йу. Юсупа карзахдаьлчу шен даге бехкаш доху: даго вижа ца вуьтуш шен ойла дӀайаьхьна хиларна, синтем бохийна хиларна, обарган хала дакъа шега кхийдорна. Даго дуьхьал жоп луш, йалош йолу бакъонаш, бахьанаш онда а, мехала а хуьлий, йохье ваьккхина волу Юсуп къарло. И обарган буьрсачу новкъа волу. Герггарчу хенахь тӀехӀуттун йолчу инзаречу халонашкахь, кхерамашкахь ша-шен дог зуьйр дуйла а хоуьйта Юсупа. Тидаме эца деза хӀокху халкъан говзарехь а, буьйцучу нохчийн маттахь а маьӀнин коьрта меттиг дӀалоцушдерг дог хилар.