Светлый фон

– БогIуш бу! БогIуш бу!

Массеран бIaьргаш дIахьаьвсира йуьртара схьа варша йуккъехула кху майдана богIучу новкъа. Цигахула гучуйелира дошлойн жима ковра.

– Муьлха ву царах эла Авалу?

– И дIо расха говpара тIапа куй берг.

– Цунна уллорниг?

– Ойшин Чомакх!

– Хьа, даьдиса оцу берзан!

– Iедалций, наxаций тарвала гIерта.

– Ледара вац Чомакх.

– Хуур ду-кх, цхьаъ тIедеача.

– Цунна тIаьхьа вогIу жима стаг?

– Бенoйн Элби.

– Ткъа важа кIайн маж йерг?

– Иза нажийуьртахойн йуьртда Шахьболат ву-кх.

– Момин Хьоту мa вусавелла!

– Ма цхьаьна а кхетта!

– CaгIадоьхурган ахьарш санна!

Хьеший лоруш, дIасахиллачу адамаша хьовсa aьтто боллучуьра меттиг битира царна.

Цхьана минотана йаьлла гIовгIа дIатийра. Адамийн хьажар йуха а тIедирзира муьша тIехь ловзучу жимачу йоIана.