Светлый фон

— Интернат-м лаьтта…

— Кхин ницкъ ца кхечира йа сан а, йа керлачу йуьртден а… ша хьо йуха а хIинца тIе ца таIахь.

— Бераш?

— Шимма а дика доьшу… Урокехь бу.

— Дада? Гуш ма вац кертахь.

— Калмыкера цхьа вовхатар а веъна, цуьнан гIуллакхна селхана кIотара вахана шина-кхаа денна, цхьанхьа-м када а хIуттуш. Дада хIинца тайна соьца. Амма хьуна луьйра: хаттаза белхаш а хуьйцу, хьашт доцуш Москох а йахана, хиънехь, ша йохуьйтур а йацара, дукха хецайелла, бохура. Вайшинна арз а дира цо веанчуьнга а, ткъа цо и, мелхо а, бакъ ца вира, заманца ван веза аьлла. Амма ша волчу ваха дIа-м кхайкхира цуьнга.

— Ас-м цхьацца совгIаташ а деъна цунна. КIадлур вацара-техьа…

— Хьовсур вай… Ас дIалур ду.

— Кхин хIун ду керла?

— ХIума дац. Анна Львовнера кехат ду. Хьоьга мерза маршаллаш ло массара а. Шаьш дика Iа, боху.

Селитас чамда а лаьцна, ший а чоьхьа йолайелира. Чукхаьчча, чамда схьа а йаьстина, ша деана совгIаташ стоьл тIе даржийра Нурседас: берашна — портфелаш, пеналаш, авторучканаш; йишина — чилланан пазаташ, хаза косынка, кIархаш; дена — шиъ сорочка, бастонан цхьа отрез.

— Нурседа, ахь садаIа хIинца. Школера йаьлчахьана со йуха чуйогIу хьуна берашца, — аьлла, арайелира Селита.

Iуьйрре райцентре йахара Нурседа. Шен дешарх лаьцна райкоман секретарна отчет ша йинчул тIаьхьа, интернатан гIуллакх хаьттира цо.

— Хьоьга хьаьжна диси-кх и: виллина цунна тIехь валло белхахо а ца хилла. Вай муха хьийза ца хаьа хьуна: оханаш, асарш, шура, тракторш, жижиг… ХIинца ас йуха а хьуна тIе дуьллу-кх и чекхдаккхар! — секретаро стоьл тIерачу англех туьйхира стомма цIен къолам.

— Дика ду!..

КхозлагIчу дийнахь обкомера телефон туьйхира Нурседега:

— Интернатан хьокъехь дан дезарг СМУ-га дIааьлла. ГIуллакх муха доьду хьажа шун цига кестта накъост а кхочур ву…

Кабинетан корах чуIенара бIаьстенан мела малх. Башлаьмнийн баххьаш сирла лепара. Керлачу хIуонаца арара чукхоьхьура хIинцца лайх дерзина девллачу аьрцнийн а, комаьрша хьалагIоьртинчу бIаьстенан зезагийн а хьожа.

Сихха дешна догIучу лайн Iовраш, маьлхан зIаьнаршкахь лепаш, охьауьдура басешкара.

«БIаьстенан йуьхь! Уггар гIуллакх дIадоло мур!.. — бохура Нурседас дагахь. — ХIинццехь Минпрос а, Минфин а йукъаозо йеза. Цаьргара ахча доккхуш а йер йу цхьа хан. ТIаккха гIишлонна тIеоьшу гIирсаш лоьхуш а зама йер йу! Сихо йан йеза!» — Нурседас корах ара бIаьрг туьйхира… Цунна тIехь йара боьмашчу коверкотан костюм, логехь, божарийнчух тера, дIасабиллина кач а болуш. Чухулара схьагора кIайчу дарин коч. Коьртара, шина aгIop хьаькхначу, хьаьрсачу месех бина кур кIесара тIехь мIерашца лаьцнера. Косынка гIентан гIовлех кхозура. Hvpceдин кIайн йуьхь, басарш хьакхаза, йогура шен даимлерчу могашчу алунца.