Светлый фон

Шена хьалхха стоьла тIехь даржийнчу календарах бIаьрг кхийтира цуьнан: «Лама зударийн денна гIалара йан йезаш концерт йу… Кечам бан беза», — дагадеара цунна. НеI йиллина чувелира, Нурседина балхаца вевза, гIалара кхуза командировке веъна йаздархо а волу, культурин министран заместитель Усманов Хьасан. Иза лекхочу дегIахь, маьIан куьзганаш а доьхкина, сира шляпа тиллина, макинтош йуьйхина вара. Маршаллаш хаьттира, охьахевшира.

— Хьасан Ахтаевич! Хьо-хьуо тIе драматург а ма вара… Йазйехьа вайн зударех цхьа пьеса. Ма оьшу-кх иза хIинца!..

— Тхан цхьа къона йаздархо ву и йазйеш… Со кху сохьта кхечу теми тIехь болх беш ву.

— Маца вер ву и?

— ДоьалгIа шо-м ду цо и йазйо боху.

— Ма йеха а йазйо цо… И ваьлча, иза-м йуха а ширачу заманах лаьцнарг хир йу. Зама сиха ма йоьду!..

— Маса шо ду цуьнан? — хаьттира Нурседас.

— Шовзткъа.

— Башха къона а вац.

— Казахстанехь даьккхина кхойтта шо ша йукъа а ца лору, — олу цо.

— Ас-м лору! — элира Нурседас. — Кхетамна эрна ца йайна хан!

НеI тоьхна, чуйелира Селита.

— Хьо хIунда йеанера, Селита? — хаьттира Нурседас, хьала а айалуш.

— Лама кхузахь хуьлучу концерте тхешан мехкарий бало дагахь цхьа ткъех билет дезар-кх. Со новкъа-м йац шуна?

— Йац, хьаха! Охьахаал хьо! — элира Усмановс.

Селита охьахиира. Нурседас царна вовшийн довзийтира.

Цу хенахь, йелха а ийзош, чуйелира коьртах цхардоьлла кортали а кхоьллина, басмин кучаца, тиша кIархаш а буьйхина Алпату.

— ХIун хилла? Хьо хIунда йоьлху? — хаьттира Нурседас, хьалагIаьттина, тIе а хилла. Алпату, къурдаш а деш, йоьлхура, цIийбеллачу бIаьргех корталин тIам а хьоькхуш:

— Майрачо йита хьийзайо… Берех ца йалало… Къахета… Соьга цIенош а дайтина, суна тIе кхин йало гIерта. Соьга, лаахь, тишачу цIенош чохь Iе боху, ша напгIа латтор ду. Цунна со реза ца хилахь, йита воллу.

Селитин дог Iовжийра. Йаздархо кхоьлира.