Лохачу цIенойн цхьаъ бен йоцу неI меллаша цкъа херйелира, тIаккха цигара схьакъедира тоьпан йуьхьиг. ЖІaьла хьесталуш гича, керта веанарг хийра стаг воцийла а хиъна, топ а буйнахь аравелира Iусман. Бодашкахь хьешан сибат ца къасталахь а, Iусманан дагна хааделира иза ваша хилар.
– Iуми! – лохха мохь белира цуьнга.
Топ пенаца дIа а хIоттийна, хьаьдда тIе а вахана, вешина марахьаьрчира иза.
– Iуми! Ма дукха хан йара хьо ганза! – вешин некха тIе бесни хьоькхура Іусмана. – XIинца-м гIур вац хьо со а витина.
– ДIавала, осала ма лела, – вешин коьртах куьг хьаькхира Iумара. – Нана цIахь йуй?
– Йац. КхоалгIа буьйса а йу тхо дукъахь левчкъина Iен. XIинций-хIинций нах леца салтий богIу бохуш, цIа дахка ца даьхьаш.
– Вайн-м ца висина цара дIалаца стаг.
– Царна биэн дац – зударий а, бераш а. Селхана йуьрта а лилxина, амалтана нах бигна. Хаси-Юьртан гIопеxь чубоьхкина бу, боху, уьш. ЧугIой вайша?
– Iойла дац. Хьо цIахь хIунда ву?
– Ахьар дахьа веанера со… Оха ма сагатдора, Коьжалкан-Дукъахь тIом хезаш. Наний, Эсеттий йисина а йац гIелйелла. XIинца а эшна шу?
– ХIаъ.
– XIинца хIун дийр ду?
– Летар ду-кх…
Вешин куьг схьа а лаьцна, буйна къевлира Іусмана.
– Мохьмад мичахь ву?
– Дукъахь. Деши а йу тхоьца. Хьан накъостех хIун хилла? Вайчех цхьа а вийний?
– Виъ вийна: Сату, Хиду, Ловда, Элбарт. Мичахь ду хьан ахьар? ДІавоьду вайша.
Ахьарх дуьзна таьлсаш дохьуш Iусман йухавеача, говр ара а озийна, зIар дIакъевлира Iумара.
– Хьо цIа хIунда веана? – xaьттира Iусмана, шаьшшиъ эвлал араваьлча.
– Байъинарш цIа бохьуш даьхкина тхо. Васал мичахь ву?