Светлый фон

– Дукъахь. Салташа шуна дуьхьал тIаме вигнера Васал а, МІaьчиг а. Бевдда цIа баьхкина.

– Кхин хIун ду кeрла?

– Вайн цIен сту бигна…

Iумаран дегIе зуз хьаьдира.

– Хьан?

– Хьан буьгур бара и? Салташа. Йуьртана гIуда тоьхнера. БIe туьма ахчий, итт бежаний. Амалтана пхийттa стaг a вигна.

Iумар дIатийра. OьгIазлонан цIе гIеттира кийраxь. Цхьа болчу цхьана атто йина ши старгIа кхиийнера цаьршимма жима йолуш дуьйна. Нах туй тосий бен бIаьра а ца хьовсуш, боккха хаза ши сту хиллера цаьршиннах. КхоалгIа шо дара уьш ворданна а, готанна а дужу. XIинца дIадели иза а…

ХIара шиъ цхьана говра а хиъна регIа тIе хьалаваьлча, садаьржира. Хьаннашкахь нилхо шакарш, эшарш йолийра олхазарша. Aьхке йелахь а, шийло йара Іуьйре. Хьалхахьа, хIолламийн кешнаш долчохь, лаьттара адамаш, говраш, ворданаш.

– Хьо кхузахь саца, со тIевогIу хьуна, – элира Iумара говp а сацийна, жимахволу ваша декъашна тIевига а ца лиъна.

– Хьо дукха-м цa Ia?

– Къайсаре вист а хилла, схьавогIу.

Йуьстахлаьттачу ворданна уллошхула тIехволуш, царна тIехь вертанаш кIел Іохкучу декъийн когаш гира Iумарна. Лакхеш дIахьулйинера тIетесначу вертанаша. Йуьйцинчу кертах тевжина лаьтта Къайсар, куьг ластийна, шена тIевийхира цо.

– XIун ду йуьртахь? – хаьттира Къайсара, ша тIекхоччушехь.

– Салтий бац. Асхьад коьртехь масех милцо ву, боху.

Къайсара хIумма а ца элира. Iумар, цхьаъ-м ала ца хIуттуш, нуьйрахь меттахъхьайра.

– Хьуна хIун лаьара?

– НанагIар бу, боху, дукъахь. Со цига ваха мегий?

Къайсара корта таIийра.

– ДІагIо. Ас хьайга кхайккхалц, йуха а ма гIерта.

Iаьрчхин кIоргачу боьра чу а воьссина, дехьа агIон тIе хьалаваьлла ши ваша, масех ирзо а, боьлак17 a хaдийна, Шал-Дукъан хьаннашка ваьлча, регIа тIехула малх гIеттира. Амма цуьнан зIaьнарш ца кхочура попан хьаннаш йуккъе, ши-кхо де хьалха дилхинчу догIано тIадийначу хьаннийн кIелош хIинца а йакъайалаза йара. Iуьйранна самадаьлла Iалам жигара болх бан долaделира. Гергахь адам хааделла акхарой йуьстахъуьдура, дайн татанаш а деш. Наггахь таллархо воцург, аддам а ца кхочура кхуза. Ца гоpa цхьаннахьа а дагаран лар а. Амма къанделла хирцина зоьртала пепнаш Іохкура массанхьа а.