– Гати-Юрт йагор ма йу салташа…, – гIийла элира Iумара.
ТІeвеана, доккха са а даьккхина, охьахиира Янаркъа а.
– Вайн доьзалш хьан ларбийр бу?.. – шeниг дуьйцура Iумара.
Охьачухьоьжу Къайсар кIантана тIевирзира.
– Хьо цIахь хIунда ца Iара, Iумар? Ас ца элира хьоьга, хьо жима ву, цIахь Іe?
– Даим и тIехдетта-кх ахь, Къайсар, – дегабаам бина, дIавирзира Iумар.
– Шек дIa мa вaлaхьа, Іумар, – кIантана чоже муьшка йира Янаркъас. – Акхта а, Болат а, Элса а ма ву цигахь. Берриг вайн гатийуьртахой а цхьаьна.
– КІeзиг ницкъ бу.
– Вай цIахь хилча, тIекхетар барий?
– Делахь а, йурт йохош, цIахь хила лаьар-кха. Селхана йина эрчо гина суна. Йаккхийчу тоьпийн хIoънаша лелхийтина, дIасакхийсина меженаш. Шурула-кIайн даьIахкаш, цIен жижигаш. ЦIергахь даьгна бераш, къена нах, зударий а. Цхьана мIаьргонна дог маллора сан. Догучу цхьана цIа чохь мохь хьоькхуш бер дара. КIелхьардаккха ца кхиира со… Изза хир ду-те вайн йуьртах а?
– Хьанна хаьа хиндерг, – куьг чIeнига кIел гIортийна, дIатевжира Янаркъа. – Йа вир лер, йа виран да лер аьлла-кх Молла-Несарта а. Цхьаъ хир ду, ойланаш йеш, хьайна бала ма бе.
Амма Iумаре ца лахкалора коьртера ойланаш.
– Дадин кеxат деаний-те? – шен гIайгIа йалхайора цо. – Цунах хилларг а хаац. Нагахь Сибрех вахийтахь, иза волчу мукъане а нислахьара со а…
– Ой, Iумар, хьо-м велла дIаволуш ма лаьтта! Стенна оьшу Сибрех ваха? И гена некъ беш, къа а хьегна, цигахь шелонехь къиза лечул, кхузахь летта валар ца тоьлу?
– Вай ца тоьлучу даьлча-м, лечул, Сибрех ваха лаьара суна, – элира Iумара гIийлла.
– XIунда?
– Тхан да а, ваши а волчу…
– Мисканиг-йаI! И Сибре мел йоккха йу, xaьий хьуна? Шарахь дIаэxapx, йист ца гуш. Хьаннаш, хиш, ишалш, лаьмнаш. ГІорийна латта цкъа а ца дасталуш, шело. Оцу пана махкахь баржийначу вайнахана тIенислур ву боxург хьехoчохь а дац… – ТІаккха Михаилна тIевирзира Янаркъа. – Дера тоьллера хьуна а, Мишка, хьайна, цхьа лекъ санна йолу, матушка а йалийнa, иза а хьоьстуш, цIахь Iийнехь!
– XIун боху-техьа ахь, Янек, баха мукъане а?
Янаркъас, нохчийн а, оьрсийн а мотт иэбина, кхетийра доттагI.