– Хьан баба жоьра ца йуьсуш дерзахьара хIара! – велавелира Михаил.
– Иза-м эрна йуьсур йацара, Мишка. Тхан эвлахь Іовдал ТIурло ву, кIантстаг лаьтташ. Милк санна, ворта а йолуш. Цуьнан ирс ду, со лаxь. Амма, хьо дийна висахь, ас хьуна йуьту сайн баба. Уггар хьалха доттагІчунна хьакъ йу иза.
– Хьан-м дог а догIу забарш йан, Янек…
Цаьршиннан забарш йукъахйехира цIеххьана хьалаиккхинчу Къайсара.
– Же, Iумар! Эскар схьадоладелла! Жe, Iaьлбаг волчу!
Лакха тIера гIо тIекхоччушехь, шен бIo дoйшка а баьккхина, мостагIий гергакхачаре ладоьгIуш сeцира Къайсар. Некъашций, хьаннашций баьржина богIура уьш. Амма, кхузара дIахьаьжча, новкъа богIурш бен ца гора. БIaьргана къаьстачу кхаьчча, духарх бевзира Къайсарна ламанхой. Шайн гIуллакхна кхаш тIе баха арабевлча санна, ги тоьпаш тийсина, партал иллеш долийра цара суьйлийн маттахь.
ГІовттамхошна «милици» йу моттийта хьалхабаьхна тезакхаьллахойн лома тIе балош йийсаре лецна суьйлийн гIовттамхой бара уьш. ХIара гIовттамхой санна, ширачу герзаца кечбинера уьш. Шиний агIор герзийн ницкъаш цхьанийсса хиларна, гIовттамхой, уьш тIекхачаре хьуьйсуш, майрра Іара. Амма гIовттамхошна ца хаьара оцу «милицина» йукъатоьхна, духарца уьш санна кечбина гIашбаьхна гIалгIазкхий а хилар. Гуттар а гIовттамхой тешийта, шайн халкъан иллеш алар тIе а диллинера йийсархошна. Царна тIаьхьайолайелира гIашлойн батальонаш а, йаккхий тоьпаш а.
– Хьий, жIaьлеш, йаI, иллешца богIий-ца! – мохь туьйхира Янаркъас.
– Дела мала аш кхоста!
– Шайн куьйгаш дуийла аш, заддаш!
Кестта йоккхачу отрядца схьакхечира Iаьлбаг а.
Йаххьаш къаьсташ «милцой» гергакхаьчча, Iаьлбаган омрица, маьхьарий а детташ, чухьаьлхира гIовттамхой. Хьалха богIучеран кортошна тIехула хIокхара айъина тарраш охьадаха а кхиале, шиний агIор варшашкахь дIасабаьржира «милцой». Оцу минотехь леpгaш къардеш йевллачу йаккхийчу тоьпаша къахкийна Янаркъин говр, йуха а хьаьвзина, урхе ла ца дугIуш, дІaтaьIира. ХьаьжкIийн буьртигаш санна, гобаьккхина охьаоьгура чаччамаш. Шен цхьа пхьарс лехаш санна хийтира Янаркъина, амма цуьнга хьажа хан йацара. Къайсара цхьаъ-м бохуш хьоькху мохь халла хезара герзийн къекъарехь. Хaлa Дeлaн бaлица Къайсара низаме балийна бIo йуха а хьалхатаьIира. Аьрру агIор чухаьхкира Iаьлбага а. Ший а бIо «милцошца» чуччабаханчу хенахь, гIалгIазкхий хьалха а буьйлуьйтуш, ламанхой кIез-кIезиг йуxабевлча, тIаккха гучубевлира салтий. Цара цхьанаметта маситтаза тоьпаш туьйхира. Янаркъина гира шен накъостех масех охьавужуш. XIинца агIонца тIелетира баккъалла а йолу милици a. Iaьлбаг а таӀийнера дехьа лекхачу берда кIел. XIинца йаккхий тоьпаш цига йерзийнера. Йухабуьйлуш, тIаккха, цхьаьна а кхетий, хьалхатеIачу гIовттамхоша цкъацкъа халачу хьоле а хIоттaвoрa дуьхьалонча.