Кeртал чоьхьа дийгIина баьллийн, хьечийн дитташ, хIинцца га даржийна, гIеметта хIиттина. Наха леррина Iалашбо царна кIелхьара сийна бай. Цига жIaьла, котам, бежана а ца долуьйту. Стаг а ца волу оцу тIе мачаш а цIанйой бен.
Гати-Юьртана йуккъexь лаьтта рузбанан маьждиг. Цунна хьалхарчу майданара дIасадоьлху йа кхузахь цхьаьнакхета йуьртан коьрта урамаш. Йуьртан йохалла чекхболу шиъ а, дукъа хьалабоьдург а, Яьсси чу буcсург а.
Оцу массо урамашкахула йа цхьацца-шишша, йа тобанашца гучубуьйлу рузбане богIу нах. XIop a кeчвелла шeн ницкъe, тароне хьаьжжина. ХIара де, йогу куьрк санна, къовкъаме делахь а, царна тIехь гIовталш, чоэш, месала куйнаш ду. Ченех къехкош, хьала а карчийна, доьхкарех доьхкина чоийн тIемаш. Чухула ган мелла а цIена коч, гIовтал йолчара гоьллелц хьалакарчийнa чoийн пхьуьйшаш а.
Iасанашна тIе а тийжаш, схьаоьху баккхий нах. Тахана кIезиг гулло адам. Йуьртара ах сов нах бац. Іaьлбагна тIаьхьа а бахана, амалтана а бигна. Сибpex а xьийсийнa. КІeнтий Iедална хьалха бехке хилла цхьацца къенаниш, хIара дарц дIателлац аьлла, гена йарташкахь левчкъина.
Цкъа а рузбане ца богIучу кегийрхойх болу нах а баьхкина тахана. Товсолта-Хьаьжас цхьа керла хьехам бийр бу, боху. ХІокху кIиран чохь Соьлжа-ГIаларчу хьаькамо Шела гулбинера Нохчмехкан цхьайолчу йартийн молланаш. Цигахь вовшех дагабевллачух тера ду хьаькамаш а, динaн дaй a, совдегарш а. Шайн моллас хIун олу хьовса, гIуллакх дерг а, доцург а вогIу тахана.
Рузба схьаделла сахьт гергга хан йу. XIетте а, хьалххе баьхкина нах. Далла хьалха хIиттале а, тIаьхьа а дийца дуккха а гIуллакхаш ма ду церан. XIокху аьхка белхан хенахь, атталла суьйранна а пхьоьха кIезиг хуьлу. Цундела доггах гулло рузбане.
Кертал чоьхьахь кIедачу бай тIехь масех тоба йина хевшина Iара нах. Моллина Лорсина гуонах гулйелла цхьа тоба. Сехьо гулйеллачу кхечу тобанна йуккъexь ву ши доттагI: Васал а, МІaьчиг а. Цаьршимма леррина ладоьгIу цхьа кIира хьалха туркошца тIамера цIа веанчу Солтханан хабаре. Цуьнан аьтто пхьарс хиллачохь йоцца тхьум йисина. XIинца а хаза йерзаза йу цунна хилла чов. ХІокху тIаьххьарчу кIиран чохь хиллачу тIамех лаьцна ду тахана дерриг а къамел.
– Инарла шен эскаршца хIинца Бенаxь ву, боху.
– Хаси-Юьртара эскарш, Aьккха дIа а лаьцна, Нохчмахка доладелла а, боху.
– Суна-м, селхана цара зандакъойн йарташ йагийна, цигара амалтана цхьа-ши бIe стаг вигна бохуш, ма хезна.
– Яьссица хьала ма гIoртахьара эскарш.
– И хила а тарло.
– Iумма-Хьаьжа Басса тIе воьссина бохуш, хезний шуна?
– Ах сов суьйлий, гуьржий а бу, боху, цуьнан бIaьнехь.