– Соьца ларор вац хьо, жима къонах, – элира дошлочо цIеначу нохчийн маттахь. ТIаккха, хIара шен йийсар хилар кхечарна хаийта, Солтаханан белша тIе чIапалашкахь тур диллира цо. – Ас маршо лур йу хьуна, хьоьга масех дош а аьлла. Вайша, ши нохчо, вовшахлиэта, цхьаъ – туркошкахьа, важа – оьрсашкахьа. Вайшиъ саннарш кхин масех бIе ву шиний агIор. Тхо туркойн паччахьан дуьхьа а, туркойн дуьхьа а ца лиэта кху тIамехь. Вайн халкъ ах хIаллакдинчу, эзарнаш дай махках баьхначу, даймахкахь бисинчарна тIехь къиза Iазап латточу оьрсийн паччахьах бекхам оьцуш лиэта. Ткъа аш хIун леладо? Цкъа-делахь, оьрсийн паччахьо болийна харцонан тIом бу хIара. ШолгIа-делахь, и оьрсийн паччахь вайн халкъан мостагI ву. Шу хIунда хIиттина цуьнан эскаре, шу хIунда даьхкина цуьнан мохк шорбан, шаьш санна, кхин халкъаш лолле дерзо, бехкбоцчу адамийн, тIе, вай санначу бусалбанийн, цIий Iено? Кху тIамехь шиний агIорчу нохчаша мел турпала хьуьнарш гайтарх, толам, хастам а оьрсашний, туркошний буьсур ма бу. Сан къамел дIатоха хьайн накъосташка. Со Бенарчу ГIадон кIант Габа ву. ХIинца дIагIо…
…ЦIеххьана набарх ваьлча санна, дIаса бIаьрг тоьхна, ладуьйгIира Солтахана.
Цхьанхьа, тхов тIера долуш санна, Товсолтин мукъаме аз хеза Солтханна. Аз лоьхуш, дIасакхарстийна цуьнан бIаьргаш мимбарна тIехь совцу. Хьалавала йалх тIегIа долуш лами a xІоттийна, лакха айъина, хаза, говза бустамаш а дохуш, бес-бесара басарш а хьаькхна кечйинчу, гIутакх санна, жимачу мимбарна чу а хIоьттина, хьехам беш воллу Товсолта. ГIезачух тера лаг цкъацкъа дахло, тIаккха озачу, гаттийчу белшаш чу таьIа. Йегайо ирачу чIениг буьххьера нилха, газанчух тера хьаьрса маж. Цкъацкъа аз зевне долу, тIаккха, йиш хаьлча санна, дов маьждиг чохь, кхузахь дакъа Іyьллуш санна:
– Везачу Дала, азаллехь Ша синош кхуллуш, хIоранга а шена оьмар тохийтина, хIоранна а ницкъ, амалш йелла, хIоранна рицкъанаш делла. Азаллехь синош кхуллуш Дала цIе тоьхнарг бен, адамийн паччахь хила йиш йац… – дека Товсолтин аз. – Тахана вайна тIехь паччахьалла деш волу Элксандар Дала хIоттийна ву, цуьнан гIoьнчий, областан хьаькам, окурган хьаькам, пурстоп, хIара вайн йуьртда ХортIа – берриг а Делан лаамца лелаш, вай лиэра безаш, вай сий дан дезаш нах бу. Цара дIакхоьхьy Iедал Делера ду. Цара ден таIзар а, цара бен къинхетам а Делера бу. Цаьрца къyьйсург, церан лаамна дуьхьалваьлларг Делаца къyьйсуш ву. Оцу стаге кханалерчу эхартан дийнахь хоттур ду, йа ибн Адам, хIай Адаман бер, Ша хьайна тIехIоттийначу Iедална, Іeдaлaн дaйшна дуьхьал хIунда ваьллера хьо, Ша хьайна белла кхоллам хийца хIунда гӀиртира хьо, Шеца хIунда къийсира аxь аьлла…