Светлый фон

Баккхий нах цхьана минотана дIатийра. Сацамболлуш дара инарлин омра.

– Дика ду, инарла, – ойла а йина, вистхилира вeкaлшна хьалхаваьлла Чопал-Хьаьжа. – Оха схьадалор ду хьаннашкара дерриг адамаш. Амма ахь дош луо, уьш кхy махкахь дита. Ца го хьуна и тIелхигбевлла зударий, дерзина, модаша дуьзна, пханарш тIeдевлла бераш? Iа ду тIедогIуш, борз санна. Зударий, бераш мича кхелхар бу? Iедална дуьхьалгIевттинарш тхо, божарий, ду. Тхуна тIехь диэхьа хьайна луъу таIзар. Сибрех а даxийта, иpx a охка, меженаш йохуш, дарий, охьа а дахка. Ткъа зударех, бepex, къеначу нахах къинхетам бехьа. Уьш битахьа xІокху йагийначу йарташкахь. Шун а ма бу цIахь доьзалш, да-нана, зударий, бераш. Шайн ойла йайша, инарла.

Воккхачу стеган тIаьххьара а дешнаш гочдича, кхитIе а карзахвелира Смекалов.

– Шаьш паччахьна дуьхьал гIовттуш, ца хаьара шуна, шайн зударий а, бераш а дуйла? Шаьш байъинчу салтийн цIахь доьзалш бац, моьтту шуна? Аш бирий царах къинхетам?

Воккха стаг, лаьттан бIaьра а вогIавелла, дикка лаьттира вист ца хуьлуш. Шозза-кхузза цхьана кога тIера вукхунна тIе а вазвелира. Дакъаделлачу балдех мотт а хьаькхира.

– Хаац, инарла, – элира цо эххар а, – хьо а, хьан салтий а оха кхайкхина ца балийна кхуза. Iедало, мохк дIа а баьккхина, мацалла хIоттийна тхоьга. Тхан махка тIера даьлла рицкъа Iаьнах довла а ца тоьу тхуна. Тхан зударий, бераш дерзина ду. Аш тIейетта йасакх тиэкха ницкъ бац тхан. Аш тIехь латто харцо, къизалла лан собар кхачийна тхан. Хьан харцоно гIаттийна адам. Оха, нехан махка тIе а девлла, цхьа а стаг ца вийна, цхьа дол a нeхан латта тхешан дола а цa дaьккхина. Берриг бexк шун Iедалан бу, тхоьгара мохк дIабаьккхинчу, тхан коча лолла Iуьттучу…

– Тоийта! – йукъахвaьккхира иза Смекаловс. – Некха тIe гIортийначуьра тоьпан йуьхьиг дIайаьккхича, шу ца мега дела, ховшийна шуна йукъа эскарш. ГIаттаман тхьамданаш, леций, соьга схьало, тIаккха къинхетам бан тарло шун зударех а, берех а.

– Муьлш?

– Iаьлбаг, Iумма, Лорса, ТангIай, кхиберш.

Баккхийчу наха йоцца кхеташо йира. Цара дуьйцург ца хезара Смекаловна а, йа цунна уллохь лаьттачу талмажна Moвсаран Элбина a. Нахе доцца хаттар а дина, жоьпе ладоьгIна, цаьрга хьаьжира Чопал-Хьаьжа. Цуьнан хьажар тIе мел нисделлачо меллаша корта ластабора. Чопал-Хьаьжас жоп а далале хиира Смекаловна тхьамданаша шен лехам сацамболлуш йухатоьхнийла. Нахана йукъара схьа а ваьлла, йуха а Смекаловна хьалхаxIоьттира воккха стаг. ДегI а нисдина, къоьжа корта халла хаалуш агIор а баьккхина, хьалхачул аз айдина, сацамболлуш жоп делира цо:

– Инарла! ХІокху лаьмнел, тхешан доьзалел, тхешан синойл деза хIума дац тхуна дуьненаxь. ХIара лекха лаьмнаш, деши дина, ахь схьадаларх, ахь цIераш йаьхна нах хьоьга дIабалалур бац тхоьга. Уьш халкъан маршонан дуьхьа гIевттина. Ахь тхоьгара йамартло лоьху, иза йан ницкъ бац тхан. Далур доцург, оха дендоцург ма деха тхоьга, инарла.