Лекхачу дегIара, шуьйра белшаш, йуткъа гIодайукъ йолуш, кхузткъа шаре гIоьрттина стаг вара Шатилов. Мацах Iаьржа хилла корта а, цIоцкъамаш а сирделлера. Йуьхьан чкъор сендеш, цIена даьшнера маж-мекх. Йуьхьана болатан басахь велахь а, бIаьргаш тIех сийна дара. Лекхачу, шуьйрачу хьаьжа тIера хебарш, шад хилла, цхьанхьа гулделлера. Дуткъийчу балдашка хьаьжча, ванах, и стаг цкъа а велавеллий-те олий, хеталора.
– Господа! – вистхилира иза болатах декачу озаца. ТIаккха цо сохьтехь сов дагардира хIокху тIаьхьарчу масех шарахь областехь хилла зуламаш, меттигерчу Iедалан гIалаташ, ледарлонаш. – Иза, лераме господаш, эхь ду Россин империна, оьрсийн герзана! Массанхьа а йохург Зеламхин цIе йу. Зеламхас некъахой, гIаланашкара хьолахой, гIалагIазкхий, станцин касса, ГIизларера банк талийна, нах йийсаре бигна, байъина. Ткъа Керкетехь цо хIаллакбина Дагестански полкан дошлой, салтий, инженераш. Шуна шера хаьара, цигахь Зеламхас кIело йинийла. Дошлойн кхаа сотнина, лаамхойн отрядана йуккъера а ваьлла, вахана иза. Разбойник Зеламха ша цхьаъ вац областехь Iедална дуьхьал болх бийриг. Зеламха ша цхьаъ а, бIе Зеламха а ларор вацара цо дийриг дан. Цуьнан онда гIортор йу Нохчийчохь, ГIалгIайчохь. И гIортор цигара халкъаш ду. И халкъаш, цхьа буй бина, цхьаьнатоьхнарш динадай бу. Тайп-тайпана шайхаш. Шуна Iаламат дика хаьа, Зеламхас ГIизларера банк а, Соьлжа-ГIаларчу станцин касса а талош, динан цхьана сектин коьртехь лаьттачу шайхан Баматгери-Хьаьжин кIант цуьнца хилла хилар. Шу дуй баа даьхьара дарий, кхечу шайхийн, молланийн кIентий Зеламхица ца хилла йа тахана а бац аьлла? Шайн шайхаша омра дича йа царна лаьий хиъча, жоьжахатин цIерга лелха кийча бу церан мурдаш. Уьш бу Зеламхин гIеранца а, зуламхойн кхечу гIeранашца а. И шайхаш кхузара дIа ца баьхча, цкъа а совцур дац областера зуламаш. Уьш кхузахь мел бу, Зеламха а хир ву. Цхьа Зеламха аш лаьцча йа вийча, цуьнан метта кхин зеламхагIар гIовттур бу. Шайн доьзалшца цхьаьна махках баха и шайхаш, кхиболу динан фанатикаш а. Разбойникийн меттамотт йаккхийчу йарташна генарчу, шун тергамна кIел йоцчу лаьмнашкарчу, хьаннашкарчу кегийчу кIотаршкахь бу. Уьш йохае, цигара бахархой аренга, йаккхийчу йарташка кхалхабе. Цул совнаха, Керкетехь Зеламхас байъинчу дошлойн, салтийн, инженерийн, некъан белхалойн доьзалшна а, Зеламха бахьана долуш зен-зулам хиллачу оьрсийн доьзалшна а гIоьнна нохчийн йарташкара, бIе эзар соьмал лахара доцуш, ахча даккха. Иза кхочушдан цхьа бутт хан ло шуна. Нохчийн йерриг а йарташка таIзарийн отрядаш хIиттае. Уьш кхабар бахархошна тIедожаде. Зеламха-м хьовха, муьлхха а цхьа разбойник шен хIусаме тIеэцначу доьзална, дийнна йуьртана луьра таIзар дан деза. И саннарг кхечу доьзалшка, йарташка ца леладайта. Хаалаш, кхузахь хIоьттина зуламе хьал а, шун кIедалла а цуьнан Воккхаллина императорна хууш хилар а, иза чIогIа шуна резацахилар а. Областера разбой тIаьххьара а, гуттаренна а дIайаккха хIун гIo оьшу шуна? Герз, эскар, ахча? Шуна оьшург дерриг а хир ду. Амма шу а хилийша жимма дийна, жигара. Кхузара хьал кхидIа лан ойла йац цуьнан локхаллин наместникан.