Светлый фон

Дала ца хилийтира иза. Дала орцахваьккхира Зеламха. Цо, салтийн буйнара а ваьккхина, схьавелира цунна Соип. Гена лаьмнашкахь, жимачу кIотарахь цIа а тардира. Газа-уьстагI, бежана нисдира. Соипана зуда а йалийра. Масех шо даьлча, Iедална Соип вицвелча, шайн йуьрта цIа дирзира. ХIинца и шиъ цхьа дацара. Соипан зуда а, ши кIант а дара. Овхьада белхеш вовшахтухуш, керт-ков меттахIоттийра цхьана йоццачу хенахь.

Дешина ша ирсе хетара.

Муха ца хета, цхьаъ бен воцчу кIентан ши кIант хилча! Цуьнан Болатан тIаьхье хилча. И шиъ хилла а Iийр ма дац. Кхин а хир ду бераш. ЙоьIарий а, кIентий а. Деши къанйелча, цунна гонаха хьийза. Цуьнан дола дан. Цуьнан дог эца, дог дело.

Дешина ша ирсе хетара оцу масех шарахь. Ирсе йара иза. Амма цхьа бутт хьалха йуха а дуьне кхоьлира цунна.

Оцу деношкахь даим кхоьлина гора цунна Соип. Кертахь цхьа болх болош, чекх ца боккхуш, дIатосуш. Эххар а цхьана суьйранна къамел хилира цаьршиннан.

– Нана, Зеламхех дIакхета сацам хилла сан.

Деши йуьхьанца ца кхийтира цо аьллачух. Иза хаттаре кIaнтe хьоьжура.

– Со Ведана набахтехь волуш, айхьа лайна баланаш, со Соьлжа-ГIала дIавуьгуш, хьайн дог эккхаза дисинера бохуш, дуьйцу ахь сих-сиха. ХIетахь Аюба а, Абубакара а салташкара схьа ца ваьккхинехь, со вийна хир вара йа Сибрехь доьза вайна хир вара. Оцу дийнахь со кIелхьарваккха Iожаллина дуьхьал хIоьттира и шиъ. ТIаккха гена лаьмнашка дIавигира. Суна цIа-цIе а тардира. Хьо а дIайалийра. Суна зуда а йалийра. Доцца аьлча, хьуна дерриг а хаьа. Вежарша вешин дийр дацара цара сан дина дола. И шиъ йамартлонца вийна. Сан ши ваша. Со воцург, чIир йекха верас вац церан. Вежарий бац. Цхьацца жима ши кIант ву, диъ-пхи шо долуш. Зеламхех дIа а кхетта, цаьршиннан чIир йекха йеза ас.

XIинцa кхийтира Деши кIентан Iалашонах. Цхьана агIор бакъ вара иза. Аюб а, Абубакар а вежарийн метта ма хиллера Соипана. Дешина шен кIентий санна. И дерриг Соипаначул дика хаьара цунна. Амма ненан дог… Соип цуьнан кийрахь ма кхиъна. Исс баттахь. Иза дуьнен чу волуш, йалаза ма йаьлла Деши. Иза кхиош бIеннаш буьйсанаш набарза ма йайъина цо. Иза мацваларна, шелваларна, лазорна, валарна кхоьруш. Иза цхьаъ бен ма вацара цуьнан. КIентан ши кIант-м ву. Дешина шен са санна дукхавезаш. Амма Соип цуьнан цIий ду. Цуьнан дог ду. Иза вехь, садетталур ма дац цуьнга.

– Хьан ойла иштта хилар цхьана агIор хазахета суна, Соип, – элира цо. – Хьан къамел къонахчун къамел ду. ДанчIин Болатан кIентан къонах ца хила бакъо йац. Хьайн ткъе пхи шо а кхачале гайтина ахь хьайн къонахалла, доьналла. ДоттагIчунна орцахвала декхар ду къонахчун. Аюб, Абубакар санначу доттагIашна орцахвалар – муххале а. Амма цаьршиннан чIир йекхале хьайх хIун хир ду, хаьий хьуна? Ахь чIир йекхарх, уьш денлур ма бац. Цундела, суна хетарехь, цаьршиннан чIир йекхар дац хьан декхар, ткъа цаьршиннан къеначу дай-нанойн, кегийчу берийн хьайн ницкъ кхоччу доладар ду. Амма и сацам айхьа тIеэцале, цкъа хьалха хьайн зудчун а, шина кIентан а ойла йан ма йезара ахь, Соип. Къена со-м хьехор а йацара ас. Хьо кийрахь волуш, ас лайна халонаш Аминате а, шина кIанте а Iийшийта, лайта воллу хьо?