Светлый фон

Институт чекхйаьккхинчул тIаьхьа Нохчийчу цIа веана Сулаев Мохьмад. Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелча, фронте ваха гIоьртина иза, амма бIаьрса ледара хиларна ца вахийтина. Цо тIеман госпиталехь болх бина, чевнаш йинчу тIемалошна дарба лелош. ТIаьхьо Итум-Кхаьллан районерчу больнице хьажийна, цигахь коьртачу лоьран болх бина Мохьмада.

Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь, 1944-1957-чу шерашкахь Сулаев Мохьмада Казахстанерчу Джамбул-гIалин поликлиникехь терапевтан-лоьран болх бина, цул тIаьхьа, специализацех чекх а ваьлла, Джамбулерчу областнойн больницехь лор-психоневролог а хилла.

Даймахка цIа веъча, шен лоьран балха дIавахна иза. 1958-чу шарахь Сулаев Мохьмад республикин Уьнах цIаналла йаржоран цIийнан (Дом санитарного просвещения) коьрта лор хIоттийна. 196I — 1964-чу шерашкахь Сулаев Мохьмада Хьалха-Мартанан районан больницехь коьртачу лоьран болх бина. Республикехь уггар йоккхачу районан могашаллаIалашйаран болх тобан хьажийнера иза. Цигара ваьлча, йуха а Уьнах цIаналла йаржоран цIийне коьрта лор дIахIоттийна. Шен дахаран тIаьххьара де тIекхаччалц оцу балхахь хилла иза.

Сулаев Мохьмад цIеххьана кхелхина 1992-чу шеран 27-чу июнехь Соьлжа-ГIалахь.

Сулаев Мохьмад йаздан волавелла шен 14–15 шо долуш. 1935-чу шарахь йазйина цо шен дуьххьарлера стихотворени «Нохчийн йиш». Иза барта кхоллараллехь йолчу нохчийн эшарех пайдаоьцуш, царах тарйеш йазйина йара. Поэтан говзалла кхуьуш хилар гойтуш йара цул цхьа шо тIаьхьа йазйина «Орга» стихотворени.

Поэтан дуьххьарлера стихаш арайийлина «Ленинан некъ», «Ленинхо» газетийн агIонаш тIехь а, журналаш тIехь а. Оцу стихаша гайтира Сулаев Мохьмад шен хатI долуш а, поэзехь ала шен дош долуш а хирг хилар. Иза къеггина гучуделира, дукха хан йалале Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелча. Нуьцкъалчу исбаьхьаллин дашца поэт кхойкхура Даймохк фашистски йовсарех Iалашбаре. Фашистийн мехкашдIалецархойн ма-йарра йамарт Iалашонаш Iорайохура цо шен поэтически произведенешкахь. «Малх къуьйсу тIом», «ГIовтта», иштта кхийолу а стихотворенеш йазйира поэта тIом болабеллачу хенахь.

1943-чу шарахь Сулаев Мохьмад дIаэцна СССР-н йаздархойн союзе.

Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь нохчийн йоза лелаш дацара, нохчийн маттахь зорбатохар дихкина дара. 1944 — 1955-чу шерашкахь лаьттира и харцо. Казахстанехь Алма-Ата-гIалахь 1955-чу шеран 9-чу июнехь арахеца долийра нохчийн маттахь «Къинхьегаман байракх» газет, цу тIехь зорбатухура нохчийн поэтийн стихаш, прозаикийн кегийра произведенеш. Сулаев Мохьмадан «Гила», «ТIамна дуьхьал», кхийолу стихотворенеш а арайевлира «Къинхьегаман байракх» газета тIехь.