Светлый фон

Нохч-ГIалгIайн республика йухаметтахIоттийча, 11957-чу шарахь Даймахка цIа а веана, боккхачу айамца болх бо Сулаев Мохьмада исбаьхьаллин литературехь.

Республикин газеташ тIехь, радиохь, «Орга» альманаха тIехь арайовла йуьйлайелира цуьнан стихаш, очеркаш, дийцарш, критически статьяш. Сулаев Мохьмадан кхоллараллин дахарехь эвсара мур дIаболало I958 шарахь «Безаман эшарш» цIе йолу поэзин сборник арайаларца. Лирически стихаш йара книги тIехь, шайерш бохург санна. Царах дукхахйерш, композиторша мукъамаш а баьхна, эшаршка йирзира.

Сулаев Мохьмадан кхолларалла шен орамашца нохчийн фольклорах йозаелла йу. Йац къоман барта кхоллараллин сюжеташший, васташший цо шен произведенешка деккъа схьаоьцуш-м, халкъан произведенийн исбаьхьаллин мутт ду цуьнан поэзехь хаалург.

Поэтан «Сай» цIе йолу стихотворени, нохчийн барта кхоллараллин жовхIарех долу «Сай» илли дагадоуьйтуш, цуьнца йогIуш йу. Амма поэта шен стихотворенин маьIна, илли тIехь санна доцуш, кхечу aгIop дерзийна. Кхузахь коьртаниг адамалла, адамийн къинхетам бу. Iаламе, дийнаташка, адамашка, Дала мел кхоьллинчу хIумане хила йеза къинхетамалла йу.

Адамаллин тема Сулаев Мохьмадан поэзехь а, прозехь а коьртачарах йу. «Адамалла» цIе йолуш книга арайаьлла цуьнан. И цIе автора ларамаза ца тиллина книгина. Цу тIера дукхахйолу произведенеш нохчийн къоман гIиллакх-оьздангаллина лерина йу. Къинхетам, стогалла, доттагIалла, безам, хьошалла, ненан беркат, адамийн лерам, собар… — оцу къоман синмехаллийн ойлайо поэта. Царах лаьтташ йу къоман гIиллакх-оьздангалла, цара кхуллу адамалла, адамалла къоман гIиллакх-оьздангаллийн лаккхара тIегIа лору цо:

Вайн нана-лаьмнашкахь

Вайнаха уггар

Лаккхара лерина

Собар, стогалла,

Делахь а царел а

Лаккхара гуттар

Вайнаха ма лору

Бакъ адамалла!

 

Иштта бу поэтан лирически турпалхочун хьежамаш.

Сулаев Мохьмадан стихашкахь Даймахкаца йолу йукъаметтиг а йу цхьа шатайпана аьхна. Цуьнан лирически турпалхо, шена Даймохк дукхабеза, ша и боцуш мегар вац бохуш, кхайкхамаш беш вац. Цуьнан дагца, цуьнан ойланца, цуьнан бIьаьрхишца бу Даймохк:

— Вай динчу махкара

Къайллаха деана,

Хьуна ас безамна

XIapa зезаг лур ду.