Нисвехьа нийссачу
Барамехь, Дела:
Ийманехь чIагIваллалц
Iожаллех ларвай,
Iожалла тIекхаччалц
Стогаллехь чIагIвай,
Кхачаве ахь тIаккха
Хьайн дикчу кхиэле.
Сулаев Мохьмад ийман долуш стаг хилла. Цуьнан лирически турпалхочо Деле доьху ша дикачу Iамалехь нисвар. Далла дуьхьал воьдуш, цIенчу ойланца, ийманехь чIагIвелла хила лаьа цунна.
Адамна, дийнатна, массо а са долчу хIуманна хьоме бу шен мохк, шен махкахь бен дац caпapгIaт дахар. И тема йух-йуха а керлачу исбаьхьаллин васташца гучуйуьйлу поэтан кхоллараллехь.
Сулаев Мохьмадан поэзехь йу йаккхий жанрашкахь йолу произведенеш а: «Лаьттан бос», «Винчу лаьттан цинц», «Дайн кешнашкахь», «ГIойтIарчу Чочех илли», кхийерш а.
Мехала йу Сулаев Мохьмадан проза а. Къаьсттина «Лаьмнаша ца дицдо» цIе йолу роман. 1966-чу шарахь Сулаев Мохьмада арахийцира «Тавсолта ломара дIавоьду» цIе йолу роман. Иза кхин а шорйеш, тоеш болх а бина, «Лаьмнаша ца дицдо» цIе а йолуш, йуха арахийцира I990-чу шарахь. Оьрсийн маттахь арайелира иза 1992-чу шарахь «Горы молчат, но помнят» цIарца. Роман шен чуламца а, исбаьхьаллин башхаллашца а Iаламат мехала произведени йу. Нохчийн халкъан дахарехь уггар халчу муьрехь (1940–1960 шерашкахь) хилла адамийн кхолламаш гайтина романна тIехь. Къоман гIиллакхаш, оьздангалла, ламасташ Товсолтин вастаца ду. Советан заманахь кхиъна цуьнан ши йоI Нурседий, Селитий комсомоло бохучунна тIегIерташ, кхечу амалехь йу. Ши йоI деца эвхьаза ца йолу, йуьхь-дуьхьал эхь-бехк лардо, амма царна йукъахь къийсам бу. Йаздархочо шуьйра гайтина оцу хенахьлера къоман дахар: Сийлахь — боккха Даймехкан тIамехь нохчийн йуьртахоша дакъалацар; фронтана, бIаьхошна оьшург вовшахтухуш, дIайахьийтар; нохчийн къам махках а даьккхина, лайна халонаш; йуха «декъаза цIадерзар». «Лаьмнаша ца дицдо» роман нохчийн литературехь дуьххьарлера произведени йара, нохчийн къам махкахдаккхаран тема иштта шуьйра хIоттийна.
Арсанукаев Iабдулла,
Россин йаздархойн союзан декъашхо,
литературовед, библиограф.
ЛАЬМНАША ЦА ДИЦДО
ЛАЬМНАША ЦА ДИЦДО(роман)