Иттаннаш шерашкахь тIом биначул тIаьхьа, 1859-чу шараxь, шайца машаре бартбар дийхира нохчаша. И барт цаьрца бира фельдмаршало Барятинскийс. Амма, кхузахь шен ког хIоьттича, масех шо хьалха цаьрца бина и машаран барт а бохийра вайн правительствос.
Вайн зорбaнeхь а, килсашкахь а кхайкхадо, нохчий оьрсашна дуьхьал гIевттина бохуш. Амма иза бакъ дац. ХІокху гIаттаман тхьамданаш хIумма а сонта бац. Царна дика хаьа зуламан а, шайн къомерчу къоьллин а, бохамийн а хьоста мичахь ду. Царна хаьа и зулам, бохамаш правительствос кхуллийла. Цунна дуьхьал айъина цара шайн герз. Цунах дика кхета правительствос йузийна нохчийн къоман лакхенаш а. Хаьа, гIаттам толахь, уггар хьалха шайн баккъаш кеглур дуйла. Цундела цара шайн ницкъ ма-кхоччу правительствона гIо до хIара гIаттам хьаша.
Сийсара, са а гатделла, жимма хан йайъа Евгений Иванович волчу вахара со. Сан цецваларан доза дацара хIинца цуьнан хIусамехь къена, цамгаре нохчо карийча.
– Вовзал вовшийн, – дуьхь-дуьхьал хIоттийра тхойша хIусамдас. – Сан университетски доттагI Яков Степанович. Ткъа хIара, Яков Степанович, сан нохчийн доттагIех уггар гергарниг – Берса Рохьмадович. Оьрсийн эскарехь гIуллакхдарца капитанан чин делла хIокхунна, шен халкъан маршонехьа къийсарна – итт шо каторга а, цу тIе, чахотка а.
Нохчочун професси а, могашалла а цхьаммо а йийца а ца оьшура. Цуьнан мокха йуьхь хебарша аьхнера, сирбелла корта тиллера кIеззиг чоьш бен ца дуьсуш. ДIа мел доIучу сица хьаз-хьиз хезара. ХIетте а, дегIе бIаьрг тоьхча, багах долучу даше ладоьгIча, шера хаалора иза кадрови эпсар хилар.
Евгений Ивановича стоьла тIе къаьркъанан шиша а, бепиг а, Iежаш а, самовар а хIоттийра. Берсас ца молийла хуучу хIусамдас цунна чай, тхойшинна къаьркъа доьттира.
– Вай цхьаьнакхетарна, сан хьомсарчу доттагIчун Берса Рохьмадовичан могашаллина тIера!
Хабарна тIерачу Евгений Ивановича суна дийцира хIокху Берсас Петербургехь кадетский корпусехь дешар а, венгрийн революци хьошуш дакъалацар а, оьрсийн революционер Алексей Гусев цуьнан герггара доттагI хилла хилар а, нохчийн маршонехьарчу къийсамехь тахана хIокхуьнан меттигах лаьцна а.
Цхьацца дуьйцуш, тахана банкетехь Свистуновс дийцинарг йукъаделира тхан. Нохчийн туркошца барт бу бохург хьахаделча, хаъал оьгIазвахара Берса.
– Нохчийн ойла туркошкахьа йу хIунда моьтту массарна а? – хаьттира цо. ТIаккха, тхойша вист ца хилча, шен хаттарна ша жоп делира. – Цаьрца цхьана а тайпа йукъара хIумма а дац тхан халкъан. Деккъа цхьа дин доцург. Тхан лулахой а уьш бац, цхьана цIийх а тхо дац, мотт а вовшашна аьттехьа а бац. Тхан дайша Шайх Мансуран заманахь гIо дехна туркошка-м хьовха, англичанашка а. Амма цара а йа вукхара а цкъа а цхьа топ йуза молха делла а, йа политикехула а, йа дипломатица а тхан халкъана дина гIо дац. Амма, цара гIо динехьара а, и гIо тхан халкъо схьаэцнехьара а, эхье хIумма а хир дацара-м, моьтту суна. ХIор а пачхьалкхо, хIор а къомо, шена тIе хала киртиг хIоьттича, уггар хьалха шен аьтто лоьху. Масала, полякийн шляхтин Iазапна дуьхьал шайн къоман маршонехьа къийсамехь туркойн султане а, Крыман хане а гIо дийхира малороссаша. Амма царна дагахь а дацара йа султанан а, йа ханан а Iедална кIелбаха.