Берсас, кисанара даьккхина йовлакх бете а лаьцна, дIа а вирзина, йовхарш туьйхира.
– Гой хьуна, Евгений Иванович, – долийра цо, ша меттавеача, – туркошца тIаме бахана нохчий а бац цхьаъ. Цхьаберш правительствос эцна, шозлагIниш – йал а йелла, лата бигна. И хьалхарниш – ЧермоевгIар, МамаевгIар, ШамурзаевгIар, кхин а, кхин а бу. Уьш баккъал а императоран дуьхьа бахана цига, царна дика ма ву иза. Нагахь тахана кхузахь, оьрсий а боцуш, туркой, англичанаш, французаш йа муьлхха а кхин нуьцкъалниг хиллехь, церан императорш а, церан «даймохк» а ларбан а гIур бара уьш. Ишттачу нехан даймохк а, халкъ а ма дац. И ший а дешех духку цара, ойла ца йеш. Шайна ахча делчахьана, иблисна гIуллакх дан а кийча бу уьш.
– Доцца аьлча, халкъашна йуккъе зайлаш тоьхна-кх Iедало. ХIан, Яков Степанович, дIамалий вайша? – кад схьаийцира Евгений Ивановича. – Шун могашаллина тIера, господа!
Берсас чайнах къурд бира.
– Довханиг доттий хьуна?
– Баркалла. Бакъду иза, Евгений Иванович. Амма тхан халкъан ойла даим а гуманни йу. Цуьнан, мостагIалла-м хьовха, цабезам а бац цхьана а къоме. Чермоев а, цуьнан компани а оьрсийн императоран дуьхьа, йа шайн йукъараллин дарж, йа шайн хьелаш лардаран дуьхьа бахна тIаме. Ткъа оцу полкера могIара нохчий Iехийна бигна.
– Ткъа кхузара оьрсийн бахархой, шун гIаттаман кхиам хилахь, шаьш кхузара дIалахкарна ма кхоьру.
– Иза аьттехьа а дац.
– Ахь-м иштта дуьйцу, ткъа гIаттаман тхьамданашна дагахь кхин хила там бу. Уьш, хьо санна, кхетамна лакхахь ма бац.
– Церан дагара хууш ма дуьйцу ас. Уьш оьрсашна дуьхьал ца гIевттина. ХIара Iедал дезаш Iа оьрсийн халкъ? Шуьшиъ ву ткъа цунна реза? ХIун ду гIовттамхоша доьхург? Кху махкахь дехачу дисинчу къаьмнашца шаьш бакъонашций, латтаций нисдар.
– ХIаъ-хIаъ! ХIинца ас бохучу тIевеа хьо!
– Муха?
– Кхузара оьрсийн бахархой шун махка тIехь беха. Цаьрца шун гамо йац бохучух теша хала ду, Берса Рохьмадович.
Берсин йуьхь кхоьлира.
– Оцу дерригенах а кхетархьама, тхан къоман амалш йовза йеза, Евгений Иванович, – элира цо. – Арахьарчу стагаца а, кхечу къомаца а гIиллакх а, йахь а лелор цIийх доьлла тхан. Цунна тоьшалла ду тхан къоман йерриг истори. Нохчаша туш лора шайн феодалех бевдда кхуза баьхкинчу муьлххачу а къоман нахана. Бусалба а, керста а ца хоьржуш. Ткъа тIом болуш бевдда тхуна йукъа бIеннаш салтий баьхкиний а, уьш инарлашка дIа ца бала, нохчаша шайн йарташ йагайойтуш хиллий а хаьа шуна. И цхьаъ ду. Iедалой, иза дIакхоьхьучу цхьацца нахий кхуллу халкъашна йукъахь мостагIалла. Амма халкъаш Iехор гена доьдуш гIуллакх дац. Тахана ца кхетахь а, кхана-лама халкъаш кхета. Нохчашна-м дукха хенахь дуьйна хаьара шайн бохамашна, къоьллина, Iазапна бехке оьрсийн халкъ доцийла, ткъа и ша а Iазапехь даллош оьрсийн паччахьан Iедал дуйла. ТIе, нохчий хьега дIора дика хьал а ма дац оьрсийн халкъехь а. Ас дийца ца оьшу иза. Iедало дийнатийн хьелашкахь ма латтабо муьжгий. ХIара Iедал тIедаллац, цхьа доьзал санна, бертахь ма баьхна нохчий а, гIалгIазкхий а. Iедало битахьара, хIинца а иштта Iийр бара, жимма а адамалла долуш хIара Iедал делахьара.