Сентябрь чекхболуш Іуммин гIуллакх чекхделира Басса тIехь. Шеца бисинчу кIеззигчу бIaьхошца ЧIeбaрлa йухавелира иза.
Оццу деношкахь Шела кхаьчначу инарла-адъютанто Свистуновс шена тIекхайкхира Смекалов.
Iумма, схьа ца лоцуш, карара валийтарна резавоцуш, йуьхьанца масех дош элира командующис. ТIаккха, Смекалов бехказвала гIоьртича, жимма вaстaвeлира!
– XIумма а дац, Алексей Михайлович. Вайгара ваьлла ваха меттиг бацара цуьнан-м. Ма-дарра аьлча, Басса тIехь вайн гIуллакх кхиамца чекхдаьлла лору ас. Баркалла хьуна.
– Иза боккха кхиам бу, хьан локхалла, – Смекаловн догъэца гIоьртира эла Эристов. – ГIаттамца дерг чекхдаьлла лара мегар ду хIинца. Арен тIерачу йарташа догдиллина кхиамах. ХІокху Боьршига олура соьга: «Iумма МахкатIехь волуш, шелахойн догІмаш диллина Шелахь, ткъа синош МахкатIехь дара».
– Далла бу хастам, и экха аш эккхийнa, – йукъа дош кхоьссира Боьршига. – Шен тунгари чу иккхина иза хIинца схьалаца атта хир ду. Ткъа Iаьлбаг цунна хьалха кIеза бен дац. Кхана рузбанeхь молланаша доIа дийр ду вайна толам боьхуш.
ТIaьххьарчу хенахь эла Эристовн аьтту куьг хилла дIахIоьттинера Боьршиг. ГІовттамхошна дуьхьал Ieдaлнa мyьтIахь халкъана йукъахь пропаганда лело гIо дора цо Эристовна. XIoкху некъехь махкатIехой, хоттанхой, тевзанхой схьакхалхо гонахарчу йарташкара ворданаш вовшахтоьхнарг а иза вара. Боьршига гIо дора Эристовна гIовттамхойх къайлах хаамаш гулбан. Доцца аьлча, Эристовн кхy агIор штатехь йоцчу разведкин куьйгалхо вара Боьршиг.
Делкъе йиначул тIаьхьа Смекаловx a, Эристовх а дагавелира командующи.
– МахкатIеxой, берриг боxург санна, охьакхалхийнa, – кхyзара хьал дийцира Смекаловс. – ХIycамашкара арабала таро йоцу бIe доьзал бен цa битина цигахь. Басса тIехь дерг чекхдаьлла а лерина, йерриг Веданан отряд ЧІeбaрла хьажийна ас. ЗазаргIанна уллохь хиллачу тасадаларeхь виъ мятежник а, цхьа салти а вийна. Отряд, кхаа колонне йекъайелла, Буккъазе йоьду. ДаьргIа-Дукъахь а хилла тасадалар. Цигахь ткъe итт мятежник а, вайн виъ салти а вийна. Селхана лагере далийнa диъ бIe бежана, итт эзар цхьа бIe yьстaгI. Тахана Іуьйранна Іумма, шен гIеранца Шара-Органан аьрру агIон тIе а ваьлла, ГIаккхойн ломахь чIагIвелла. Бахархошна йукъахь хьалхалера кхиам бац цуьнан. Вайн отрядаша кхерам тесна царна тIе. Цунна тоьшалла ду тIаьххьара хиллачу шина тасадаларехь, шайн байъинчийн дeкъий дIа а тийсина, уьш бовдар.
– Ткъа Iаьлбаг? Иза хIинца а маьрша кхерсташ ма ву?
– Iуммица дерг чекхдаьлча, цунна тIевоьрзур ву со. Поручикан Хьотин аьтто нисбелла даьттахой Iaьлбагна дуьхьалбаха. Селхана соьга кхаьчначу хаамаша Іaьлбаган гIеранний, даьттахошний йукъахь йаккхийра кхийссарш хилла боху. Шиний агIор байъинарш а бу. Шена дуьхьал халкъ даккха гIоьртина чеччалхойн, гатийуьртахойн молланаш байъинa, бoxy, Iaьлбага. Хьуна ма-хаъара, Александр Павлович, и ши молла вайн агент вара. Iаьлбага Чеччалxe а, ах Даьттаха а йагийна. Даьттахара бахархой, бевдда, Гендаргана бахана.