Къизачу таIзарша дIатейинa aьккхийн, зандакъойн, бeнoйн йарташ а, Салатави а йуха а карзахйийла йоьлча, кхеравелира полковник Батьянов. Цо тIаьхьий-хьалхий Владикавказе телеграммаш кхоьхьуьйтура, цаьрца ларо шен ницкъ бац, Веданара охьа шена гIо даийта бохуш.
Нохчийчохь а ца ларалучу Свистуновга гIо доьхура эло Меликовс a. Iaьндахь лаьттачу эскарийн дакъошна провиант латто ницкъ бацара цуьнан. Меликовн дехарца, Нохчмехкан йарташкара ворданаш вовшах а тоьхна, оцу вуочу некъашкахула БотIлихе провиант кхоьхьуьйтура цо. Оцу деношкахь правительствона доккха гIо дира Эристовс а, Аваловс а. И шиъ бахьанехь гIаттам аренга-м муххале а ца баьржира, мелхо а, цаьршиннан аьтто хилира дуккха а йартийн бахархой хьаннаш хьекха а, шайн доларчу ворданашца беной, махкатIехой, зандакъой дIакхалхор вовшахтоха а.
– Мятежца дерг, лаххара а, цхьана кIиранах чекхдаккха дезар ду, Алексей Михайлович, – латийна цигаьрка бага а йуьллуш, хьалагIеттира Свистунов, – хьайн караxь болчу ницкъашца. Жимма Iийча, царах а цхьаберш ДегIастана дIабехарна кхоьру со. Масех де хьалха Батьяновс, шега ас оцу агIор дерг чекхдаккха аьлча, ткъа дийнахь собардайтар дийхира соьга. Хьаннаш тIера гIа ца доьжча, операци йан хала хир ду, бохура цо. Амма селхана телеграмма йаийтина, ша зандакъойн йарташкахь операци йоло кийча ву аьлла. Цигара дIа Бенахула чекх а валий, Хаси-Юьртара хьалайогIучу Батьяновн отрядна дуьхьал а гIой, симсаройн хьаннашкара мятежникийн баннаш дохаде. Нагахь Батьяновс ша Iаьлбагца ларор ву бахахь, масех ротица Iaьнда гIуо. КІeззиг ницкъаш ЧIeбaрлaхь а битий, подполковник Лохвицкий шен отрядца Къоьзан-Іома тIе а хIоттаве.
– Батьяновна гIодар-м декхар дара сан, – элира резавоцчу Смекаловс. – Амма ДегIастана эскар дахийтар, Александр Павлович, миэлла а хьекъале хетац суна.
– И ца дича далац. Цуьнан Императорски Локхаллин приказ ду.
– Ткъа суна иэшахь, аренгара гIо хир дуй?
– Дац. Цхьа цхьамза а хир бац.
– Со кхетац оцу гIуллакхах, Александр Павлович. Лулахoчун цIа догуш гIодар-м стеган декхар ду. Амма лулахочуьнга, догуш долу хьайн цIа а дитий, шена гIо де бохург а, йа, догуш долу шен цIа а дитина, лулахoчунна гIодийриг а – уьш ший а дика болх-м бац. ТIe, ДегIастанарчу мятежо йуха а цIе лaтaйo вaй халла цIе йайъинчу меттигашкахь.
Свистунов гIайгIане велавелира:
– Хьо-м бакъ, дера, лоьра, Алексей Михайлович. Амма приказ кхочуш ца дича далац. Ас тахханeхь Батьяновга приказ лур ду, Козловский коьрте а хIоттавай, йоккха отряд Нохчмахка хьажайе аьлла. Кханнахьехь хьо а Бенахьа дIагIо. Бенойн а, зандакъойн а йартех чим бан беза, кIелхIотта тхов ца буьтуш.