– Taxана мичахь ву Iаьлбаг?
– Симсаройн хьаннашкахь. Цига доьлху дерриг некъаш дIалецна Хьотин а, Шахьболатан а милицис.
– Кхин хIун ду кeрла? – хаьттира Свистуновс.
– Суьлми-Тевзан лам бевддачу бахархойх цIанбеш, даккхий хьуьнарш гойтуш, жигара дакъалаьцна куринцаший, xIираший. XIирий цIахь хилла бац хIокху йалх баттахь. ТІexь тIелхигбевлла уьш. Шаьш цIaбaxийтар доьху цара. Дика гIуллакх до гIалгIаша а. Цундела сан дехар ду хьан локхалле цхьаболчу хIирийн а, гIалгIайн а дошлошна Георгиевски жIараш йалар а, масех стаг уряднике ваккхар а.
Свистуновс жимма ойла йира вист ца хуьлуш.
– Бакъо ло царна. ЖІараш а ас дIайоуьйтур йу.
– 28-чу сентябрехь марха досту бусалбанаша. Цунна кхо де доьху Хьотас а, Шахьболата а шайн нохчашна.
– Хьайна хеттарг де.
ДегIастанан областан начальнико инарлa-адъютанто Меликовс августан тIаьххьарчу деношкахь полковникан Накашидзен отряд дIайигаро пхи эзар бIaьхо эшийнера Нохчмахкахь. И дина а ца Iара лулахо. Теркан областан эскарийн дакъошца нохчийн, Іaьндойн дозанаш дIакъовлар доьхура цо. Свистуновс йухатуьйхира лулахoчун дехар. ХIара ша а ма вара халачу хьолехь. Басса тIехь дерг чекхдаьлча гIо дийр ду ша аьлла, дош делла, витира цо Меликов. Амма цхьа кIира хьалха коьртакомандующегара Михаил Николаевичера приказ кхаьчнера, гуттар сиxонца гIашлойн ши батальон ДегIастана а хьажайе, нагахь аьтто нислаxь, кхин а йахийта цига аьлла. Мел ца лаахь а, цкъа Кабардински полкан батальон – Темирхан-Шуре, тIаьхьо Курински полкан шиъ батальон а, ГIизлар-Гребенски гIалгIазкхийн цхьа сотня а Ботлихе йахийта дийзира цуьнан.
ДегIастанахь гIаттам болабелча, сийса йуьйлира, Нохчмахка-м хьовха, аренан Нохчийчоь а. Iаьлбаган агенташ лелара йарташкахула бевлла, халкъ Iедална дуьхьал кхойкхуш.
Свистунов халачу хьоле вуьйжира оцу деношкахь. Беной дIакхалхор а чекхдаккхаза дисинера. Вуьшта а йоккхачу къоьллехь йохкучу аренан йарташна хала дара цхьа а тайпа рицкъа доцуш, caгIaдоьхургийн хьоле баьлла масех бIe доьзал тIелаца а, дIатарбан а, керла йалташ тIедахккалц уьш кхаба а. Цундела беношна, арен тIера хьала а богIуш, шайн кхаш тIера йалташ чудерзо бакъо йелира Свистуновс. Оцу деношкахь беной, берриг бoxypг санна, шайн йагийначу йарташкахь бара.
XIинца Iaьлбагна кийчча гIортор йара дарбеллачу бeнoшна йукъахь. ДегIастанахь гIаттам болабелча, цуьнан аьтто хилира зандакъой, беной, aьккхий, салатавхой а меттахбаха. ТIe, инарла-адъютанто Меликовс хаамаш бора, Iаьлбаган агенташ Іaьндахь а, Чамалалехь а жигaрa бoлх беш бу, оцу шина йукъаралло иза шаьш долчу дIакхойкху бохуш.