И кехат дешча, цкъа бIаьргаш чу бода хIоьттира Михеевна, тIаккха букъаца шело хьаьдира. Вехха Iийра иза, саметта ца вогIуш. Селхана суьдо къайлах кхел йинера Зеламхин доьзал пхеа шарна Сибрех ссылке бахийта. Цхьадика, Зеламхина ца хаьа иза… «Зеламхина хаале хIокху махкара дIабаккха беза цуьнан доьзал, – ойла йора Михеевс. – Амма иза сихха кхочушдалур дац. Цунна дуккха а хан йеза. ХIетталц цуьнан Iep-дахар дикачу aгIop хийца дезар ду…».
Зеламхин кехат стоьлан гIутакх чу а тесна, шен гIоьнча инарла Степанов чукхайкхира Михеевс.
– Зеламхин доьзалан Iер-дахар муха ду набахтехь? – хаьттира цо, Степанов охьа а хиъна, дIатарвелча.
– Массо а тутмакхийн санна.
– Хьоьга цхьа дехар ду сан, Николай Иванович. Хан дIа а ца тоьттуш, набахте а гIой, оцу доьзалан Iep-дахар муха ду а таллий, цунна хIун оьшу хьажахьа. Нагахь санна зударша шайна xIapa-важа оьшу бахахь, царна оьшург латтор набахтин начальникана тIедиллахьа. ТIаккха и доьзал ма-хуьллу сиха кхузара дIабаккха гIaйгIa бехьа.
– Дика ду, Николай Андреич.
Степанов араваьлча, чувеанчу дежурни эпсаро, ша тIеэцаре хьоьжуш сени чохь лаьтташ наместникан векал Казаналипов ву, элира.
Казаналипов Асельдербек гIумки вара, Темирхан-Шурара. ДегIастанахь гIараваьлла хьолахо а, помещик а вара иза. Цхьана хенахь паччахьан гонехь штальмейстер хиллера, хIинца Кавказан наместникан шатайпа жоьпаллин гIуллакхаш тIедохкуш чиновник а вара. XIoкху тIаьххьарчу хенахь наместнико хIинца кхозлагIа ваийтинера иза кхуза, областехь хIоьттина чолхе хьал талла а, довза а, иза цхьана aгIop листа Михеевна гIo дан а.
Казаналиповн йаккхий уьйраш йара Къилбседа Кавказерчу къаьмнашна йукъахь, йа нийсса аьлча, церан хьолахошца. Цкъа наместнике къайлах мотт беанера, Казаналипов паччахьна а, правительствона а тешаме вац, цо ши политика лелайо аьлла. Даррехь – Iедалца, къайллах – туркошца. Вуьшта аьлча, цхьана aгIop, ша оьрсийн Iедалан лакхара чиновник хиларе терра, Кавказехь российски политика дIахьо цо, вукху aгIop – ДегIаста Россих дIа а къастийна, йозуш йоцу пачхьалкх кхолла, иза ца нислахь, ДегIаста Хонкаран протектората кIел йаккха Iалашо йу цуьнан бохуш. Уьш цхьадерш бух болуш хилар гучудаьллачу наместника, цуьнца шеца къамел а дина, «бурч йоьхкинера» цунна. Цул тIаьхьа ца хезара Казаналиповс и тайпа крамольни къамел дина бохуш. Йа кхеравелла сецнера иза, йа чIогIа ларлуш вара.
Стомма, лохачу дегIара, горга йуьхь, цIен бос бетталуш, кхалкъе беснеш, шуьйра мара, йоцца лергина сирйала йоьлла Iаьржа маж, хаза тодина дуткъа мекхаш долуш, шовзткъе итт шо хенара стаг вара иза.