Светлый фон

– Баркалла, Асельдербек Казаналипович. Моргания, Долидзе маца вогIу схьа?

– Полк шен гIоьнче дIалуш ву иза. Кхана-лама схьавогIур ву.

Казаналипов дIавахча, букъа тIера беза мохь дIабаьлча санна, маслаIат хилла, сапаргIатвелира Михеев.

 

2

 

Абхазийн уггар хьолечу элех цхьаъ вара Моргания. Масех бIе десятина латта, шайн махкахь уггар тоьлла цIенош, дуккха а даьхни, жа, говраш йара цуьнан. Бакъду, крепостни ахархой бацара цуьнан долахь. ДIадаханчу бIешеран кхузткъалгIачу шерашкахь Россин имперехь крепостни ахархой маршабохуш, Абхазехь а йира и реформа. Амма и реформа, имперехь массанхьа санна, моттаргIина кхочушйира Абхазехь а. Крепостни Iазапах маршабаьхначу ахархошна латта ца делира, иза помещикийн а, пачхьалкхан а долахь дисира. Хьалхалерчу шайн долахошна йолах болх бан дийзира ахархойн. МорганиягIарна маьхза бохург санна, Бецира абхазойн къехой.

1905-чу шарахь буржуазни революци хилале хьалха поручик вара Моргания. Кавказехь революци хьошуш, гоьваьлла иза хIокху масех шарахь полковникан чине лакхаваьккхира. Цо жигара дакъалецира Тифлисехь, Кутаисехь, Батумехь, Чиатурехь революцин а, Гурияхь ахархойн гIаттам а хьошуш. ХIокху тIаьхьарчу шарахь Дагестански полкан командир вара иза.

Ламанхо хиларе терра, цунна дика девзара кхузара халкъаш а, церан гIиллакхаш а, амалш а. Коьртехь хьекъал а, Iилма а хилла ца йинера цо йоццачу хенахь карьера. Оцу шиннан меттана тIех къизалла а, мекарло а йара цуьнгахь. Тешнабехк, йамартло цIийца, тIамарца йара цуьнан, эхь а, йахь а, оьздангалла а бохурш цунна хIун йу а ца хаьара.

Ши бутт сов хан йара иза Нохчийчу ваьккхина, шатайпа леринчу таIзаран отрядан начальник хIоттийна. Округийн начальникаша цуьнга йеллера йарташкарчу шайн айкхийн цIерш. Амма Морганияна царах тоам ца хилира. Оцу йоццачу хенахь цо къайлах уьйраш тесира нохчийн къомах йевллачу йовсаршца. Цаьрца бийца йукъара мотт а карийра цунна. Кхеро, эца, хьаста, човхо.

НеIарх пIелг тоьхна, чуван пурба а дехна, цуьнан кабинета чувеара айкх. Лохо дегI, горга йуьхь, дуккха а хенахь дуьйна дашаза маж-мекх, шуьйра мераIуьргаш, готта хьаж, пхьидачух тера схьагIоьртина сийна бIаьргаш, деха пхьаьрсаш, оцу дегIаца ца йогIуш йоций настарш йолуш, шовзткъа шо хенара стаг вара иза.

– Де дика хуьлда хьан, полковник! – маршалла хаьттира цо, неIарехь а сецна.

– Марша вогIийла хьо, Юша.

Шега полковнико куьг кховдоре дог даьхна, ши гIулч йаьккхина, стоьла улло гIоьртира иза, амма вукхо тергал а ца вира. Атталла, даьсса лаьттачу гIанта охьахаа а ца элира.

– Муха ду гIуллакхаш, полковник? Доьзалера хабар дуй? Могаш буй иза? Хьан могашалла а муха йу?