Ураме ваьлча, хечин кисана куьг а дахийтина, ахчанан кехаташ пIелгашца хьакхийра ЮшaIa.
3
Йочане, цIемза, шийла дара 1910 шеран февралан тIаьххьара денош. Цкъацкъа тIуьна ло дуьллура, тIаккха шийла догIа доьлхура. Йа ший а цхьаьнаийна. ТIаккха цхьацца деношкахь дуькъа дохк хIуттура, иттех гIулч генара хIумма а ца гуш.
ХIетте а, цхьаццанхьа хьаннийн йистошца лаьттах хьалакъедда сийна буц гора. Цхьацца дитташа а сенарш даьхна, патарш тийсинера.
Оцу йоьхначу буса, буькъа хатт а, нитIa а кегош, винчу йуьрта Йоккхачу АтагIа вогIура Аюб. Кхана гIурбанан беттан хьалхара де ду. Цуьнан дас ТIамас хьалхарчу дийнахь даим а бежана дуьй гIурбанна. ХIинца а цунна барстийна сту бу цуьнан. ГIурбанан беттан хьалхарчу дийнахь даим а Аюб цIахь хила лаьа цунна. Селхана Аюбе хабар тоьхна цо, нагахь санна аьтто нислахь, цIа вола аьлла.
Ломара охьа Дуби-Эвла кхаччалц говрахь веара иза. TIаккxa маьркIажал тIаьхьа, цигахь доттагI волчохь говр а йитина, гIаш некъ беш вогIура. Говрахь стаг билгал ма хуьлу новкъахь дуьхьалнисвеллачунна. Сих-сиха соьцуш, эткех летта буькъа хатт охьабожабора цо карарчу гIожах хьокхий. Буьйса шийла йелахь а, букъа тIера коч йашош хьацар даьллера. Коча тийсина а, йукъах дихкина а герзаш дазделлера цунна. Йоккхачу АтагIара чиркхийн серлонаш гучуйевлча, некъа йистехь Iуьллучу боккхачу тIулга тIе охьа а хиъна, настаршка садаIийтира цо. Цхьадика, церан цIенош йуьртан сехьа йистехь дара, царал схьанехьа масех цIа бен доцуш. Боккхачу урамехула цIа ваха а кхоьрура иза. Лулахойн бошмашкахула ваха дезара.
Доккха бахьана дара Аюбан ларваларан. Нийсса кхо бутт хьалха йамартлонца кхузахь вийнера цуьнан йуьртахо, доттагI, обарг Хасун Абубакар.
И шиъ, вовшех ца къаьсташ, ши доттагI вара бераллехь дуьйна. Шаьшшиннах обарг хир ву бохург цкъа а дага а ца догIура. Нийсархошца Органан тогIи чохь, хьаннашкахь ловзуш дIайоьдура бералла. Аьхка луьйчуш, чIерий лоьцуш. Хьаннашкахула кхерсташ. Йуьртарчу хьуьжарехь доьшуш а. Iаьрбан йоза-дешарца цхьаьна оьрсийн йоза-дешар а Iамийра Аюба. Цуьнан шийтта шо кхаьчча, дас ТIамас Соьлжа-ГIала оьрсийн ишколе деша дIавелира иза. Цигахь дикка кхиамаш а хилира цуьнан. Амма кхо шо даьлча, ишкол йита дийзира. Доьзалан аьтто бацара кхидIа дешийта. Амма Аюба ламанхойх дог лозучу оьрсийн йаздархойн Пушкинан, Лермонтовн, Толстойн книгаш йоьшура. Цаьрца цхьаьна цо йоьшура нохчий сийсазбеш, уьш бандиташ, разбойникаш, адамашдайархой, акха адамаш ду бохуш, кхечу оьрсаша йазйинарш а. Цкъа Абрамов Яковн «Кавказан ламанхой» цIе йолу жима книжка карайеара цунна. Абрамовс ма-дарра гайтинера паччахьан Iедало ламанхошна, къаьсттана нохчашна, тIехь латто харцонаш. Къоначу Аюбан даг чохь, цкъа а машар хир боцуш, цабезам а, мостагIалла а гIеттира паччахьан Iедале. Къоначу Аюбана ца хаьара и шен дог-ойла къайлайаккха. Цо кхайкхайора иза халкъа йукъахь. Йуьртдега, пурстопе дуьххьал дIаолура ша резавоцург. Аюб, лаьцна, набахти кхоьссира. Цигара дIа Сибрех ссылке вахийтира пхеа шарна. Иза, ведда, цIа веара. Амма шен хьалхалера ойланаш хийцаелла ца веара. Мелхо а, уьш чIагIйира набахтехь а, ссылкехь а цуьнца нисбеллачу политически тутмакхаша. Аюб, шозлагIа а, лаьцна, ссылке вахийтира. ХIинца итт шарна. Амма иза шозлагIа а ведира. Iедал йуха а цунна тIаьхьаделира. Аюбана кхин некъ ца бисинера, цхьаъ боцург. Обаргалла.