Светлый фон

Жимма коньяк эдеш, кофе тойира Петр Ивановича. Шен хьешо тIаьххьара аьллачу дешнаша дагахь велар эккхийтира цуьнан. ХIара шиъ шаьш а ма вац оьрси. Липранди грекех схьаваьлла, ткъа Ковалевский – полякех. Шиннан а дайша фамилеш ца хийцина, амма цIерш хийцина. ХIокху шиммо а лелайо оьрсийн цIерш. ХIетте а хIокхуьнан хьаша Кавказан урхаллехь болчу немцошний, полякашний, жуьгташний лоь.

– Эрмалойчоь кхераме йац вайна, – элира цо, хьешана хьалха кофе а тоттуш. – Эрмалой керстанаш бу. Туркойх кхоьруш, даим а Россина тIетийжар бу уьш. Кхерамениг Нохчийчоь йу. Дала кхуллуш майра, къармазе тIемалой кхоьллина нохчий бу кхераменаш. Россех дIа а къаьстина, эрмалой, гуьржий, азербайджанцаш санна, шайн пачхьалкх кхолла гIерташ бац нохчий. Иза царна цкъа а дага а ца деана. Цуьнан ойла йан кхетам а бац церан. Амма Кавказехь синтем, машар хила ца буьтурш нохчий бу. Алексей Петровича Ермоловс Iаламат нийса мах хадийнера церан. Нохчий лаьхьарчий ду, ткъа важа ламанан халкъаш чуьркаш йу аьлла. Шайн волла, дуьненан массо а маьIIера адамаш хIаллакдеш хуьлу нераун а, Iаьржаун а ца лета царах. Нохчийчоь разбойникийн бен бу. Нохчаша, мара а бетталуш, тIеоьцу, зулам а дина, шайн махка бевдда баьхкина кхечу къаьмнех нах а. Кавказехь тIом болуш, вaйн эскаршкара бевдда салтий а Нохчийчу боьлхура. Цигахь маршо гуш. Йа нийсса аьлча, анархи гуш. Шаьш дерриг элий ду, олу нохчаша. Уьш элий бац, анархисташ бу. Царна цхьа а Iедал ца деза. Царна шайна луъург дан маршо йеза. Разбойникийн маршо. Къоланаш дан, талораш дан, адамаш лечкъо, дайа, зударий идо, масех зуда йало, цхьана стеган масех зуда хила а, царах дIакъаста а. Карахь герз дерг, доккхачу тайпанах верг, хьал дерг лору цара. Йа нийсса аьлча, ишттачу стагах кхоьру. Ницкъах, къизаллех кхоьру. Шемала ткъа шарахь шен буйнахь латтийра уьш. Жимма шена дуьхьало йинчуьнна-м хьовха, дуьхьало йан дагадеанчун а корта а боккхуш. Цуьнан карахь, балоз санна, кIеда бара нохчий. Имама шена луъург дора царна тIехь!

– Нийса боху ахь. ХIинца Зеламхас а шен гIеранца кхерамна кIел латтабо нохчий. Иза вен а, Iедале схьавала а ца баьхьа.

– XIaх-хIа, Зеламхех кхоьруш ца Ia нохчий, иза новкъара ца воккхуш. Шайгахь Iазап латточу оьрсийн паччахьна, оьрсийн Iедална иза дуьхьал хиларна вуьту. Витина ца Ia, цунна гIо до, иза ларво. Халкъ Зеламхехьа ду. XIyн йу Нохчийчоь? Ши бIе шовзткъе итт эзар аьрзонан бен бу иза! Вайн цхьана уездал бен йац иза, амма чугIорта ков доцуш, чIагIйина шатайпа гIап йу. Массанхьа а бIешерийн къена, йуькъа хьаннаш, лекха лаьмнаш. Лахара хьалахьаьжча, халла бен стигал ца гуш, кIорга чIажаш, гаттий тогIеш. ГIашлойнаш доцурш, кхин некъаш дац. Говрашна, варрашна тIехь дIасалела уьш. XIоpa дитт, кол, чхар гIап йу нохчочунна. Ас-м элира нохчашна цхьа а Iедал а, законаш а ца деза. Ткъа церан шатайпа законаш ду. Церан йукъараллин дIахIоттам а, кхетам а тайпанийн йукъараллин дIахIоттаман тIегIанехь бу хIинца а. Нохчий шатайпа магометанаш бу, бусалба динах кхетам лахара болуш. Уьш хьекъалца ца беха, дукхахдерг фантазица, бIаьргаш гушдолчуьнца, даго хьоьхучуьнца беха. ТIаьхьалонан ойла ца йо. Далла Iамал йо цара, Дала а, Мухьаммад пайхамара а бусалба адамашна тIедехкина декхарш кхочушдийриш Iаламат кIезиг бу царна йукъахь. Нохчийн демократи йу. Элий, дворянаш, лакхарнаш, лахарнаш бац. Массеран а цхьатерра бакъонаш йу. Вуьшта аьлча, уьш маьрша бу шайна луъург дан. Хьекъалечу, оьздачу, доьналлечу нехан сий ца до цара, зуламхочунна йукъаралло таIзар а ца до. Церан демократи а, маршо а разбойникийн демократи, маршо йу. Коьртехь хьекъале, оьзда, доьналле баьччанаш боцу, цхьа закон массара а лардеш, кхочушдеш доцу халкъ маьрша дац, иза декъаза халкъ ду.