Светлый фон

 

1

 

Россин колониальни Iазапна дуьхьал, шен маршонехьа нохчийн халкъан хIора болам бусалба динах окхура паччахьан Iедало а, официозни историкаша а. Нийсса аьлча, бусалба дин йукъара бехке ца дора цара. Нохчийчохь цхьа болам болабелча, меттигерчу а, столицерчу а зорбанехь шуьйра пропаганда йолайора нохчашна дуьхьал. Кавказехь а, йерриг имперехь а дехачу халкъийн цаьрга цабезам, цатешам кхолла, нохчаша схьалаьцначу новкъа и халкъаш ца довлийта, йа вуьшта аьлча, шайн маршонехьа Iедална дуьхьал уьш ца гIовттийта.

Оцу пропагандин идеян коьрта чулацам иштта бара. Нохчий шайн кхетамца кху заманна генна тIаьхьабисина, иза эзар шо хьалха адамийн хиллачу кхетамца дехаш акха къам ду. Шаьш бусалбанаш бу бахахь а, амма Къуръано а, Мухьаммад-Пайхамаран суннаша а бусалба адамашна тIедехкина декхарш нохчаша аьттехьа а кхочуш ца до. Ша къахьегна ца даьккхинчу рицкъана, нехан долаллина тIе куьг ма кховдаде, боху цаьрга Аллаха а, Мухьаммад-Пайхамара а. Ткъа нохчаша къоланаш, талораш до. Вовшашлахь а, кхечу къомах, кхечу динехь адамашна а. Ша кхоьллинчу адаман са ма даккха, боху Дала бусалба адамашка. Бусалбанан а, кхечу динехь волчу стеган а. Бусалба адам дийначун йалсаманега дог дохийла йац, иза эзар-эзар шерашкахь жоьжахатин цIергахь вогур ву, боху Дала. Ткъа нохчашна хIумма а доцург хета стаг вер. Вовшийн а воь – нохчо, бусалба. Кхечу къомах, кхечу динехь верг а воь. Бусалбанаш цхьа вежарий а, йижарий а бу, уьш муьлххачу къомах, муьлххачу басахь белахь а, цара муьлхха мотт бийцахь а, боху цаьрга Дала. Царна йуккъехь барт, машар, нийсо хила йеза, боху. Къаьмнаш, тайпанаш, тукхумаш ма къестаде, боху. Бусалба динехь тобанашка ма декъало, боху. Ткъа нохчашна шайна йукъахь а барт, машар бац. Уьш тайпанашка, тукхумашка, вирдашка бекъабелла. Доккхачу тайпано жимачу тайпанна, нуьцкъалчо, хьолахочо гIорасизчунна, къечунна, мискачунна ницкъ бо. Зуламхо сацаве, ца сацахь, цунна таIзар де, боху цаьрга Дала, амма нохчаша иза ца сацаво, цунна шариIатехь дoгIy таIзар а ца до. Шен лаамца хIоттийнчу паччахьна, хьаькамна, Iедална муьтIахь хила, боху Дала, ткъа нохчий даим паччахьна, Iедална дуьхьал бу, цара хьаькамаш бойу. Уьш Делах тешаш а, кхоьруш а бац, белхьара, цара Дала а, Мухьаммад-Пайхамара а бусалба адамашна тIедехкина декхарш кхочушдийр дара. Цундела луларчу бусалба халкъийн а безам, тешам бац цаьрга.

Иза йукъара пропаганда йара Iедалан. Ткъа вукху агIор, нохчийн халкъ Зеламхина дуьхьалдаккха, ца даккхалахь, халкъ цунах дIакъасто Iалашо йолуш, изза пропаганда Зеламхина а, цуьнан тобанна а дуьхьал лелайора Iедало. Нохчийн халкъана хуьлу бохамаш уьш бахьанехь, церан бехкенна ду бохуш.