– И ши Iалашо кхочушйан а гIиртира вай, гIуллакх ца хилира, – доккха садаьIира Липрандис. – ХIинца иза хьехочохь а дац. ХIара ткъолагIа бIешо ду. Цивилизацин зама. Дуьненан пачхьалкхаша а, халкъаша а могуьйтур йац ишта къизалла.
ТIаьххьара цхьацца рюмка коньяк а, цхьацца кофе а мелча, хIусамден Iодика а йина, дегаза буьрса дарц хьийзочу аравелира Липранди.
1
И аьхке а дIайахара, Гати-Юьрта хIара ду аьлла, керланиг ца дохьуш. Цхьа кIира хьалха регIа баханчу нахана Iаьрчхехь, до санна вистина, шен тоьли чохь велла Iуьллуш карийра Мусха. Иза тийна дIа а воьллина, цхьана дийнахь тезет-белхар а латтийна, бутт балале вицвира наха.
Крымера схьа кехат деара Мударан а. Шаьш могаш ду, болх къинхьегаме а бац, Iелас бийцинчу помещикийн бахамаш ларбичахьана, даа-мала а, тIедуха а ду. Амма сагатло. Делахь а, сатоха деза. ТIелаьцна хан чекх ца йаьлча, цIа догIийла йац. Шаьш бертахь йа бертаза цIа дало нохчийн йарташна тIера шайна тIаьхьаваийтина Гермачигара Визин Хьомстха, лаьцна, цигахь набахти воьллина бохуш, йаздора цо.