Светлый фон

Цундела царна ца лаьара феодалашна кIел совца.

Шайн махкара и луларчу къаьмнийн феодалаш дIабаха гIуьттура нохчий. Цкъа-шозза уьш лелхо аьтто а нисбеллера церан. Амма уьш йуха а церан коча хуьйшура Терка тIерачу вайн администрацин гIоьнца.

БерхIитталгIа бIе шо чекхдолуш, йа нийсса аьлча – 1781 шарахь, Нохчийчоь тIаьххьара а, гуттаренна а карайерзо, цигахь колонизаци йолийра Россис. ТIаккха правительствос ша царна тIехь динарг, ас ца дийцича а, хьуна дика хаьа… Шайгара мохк дIабаккха боьлча, оцу тIе колонисташ хийшо боьлча, тIаккха дуьхьало йан буьйлира уьш. И дуьхьало Мансуран заманахь дуьйна хаддаза схьайогIу.

Ткъа вайн мундирийн моралисташа дерригенна а нохчий бехке бо. Царна вай бIаьрга дан ца деза, уьш йамарт адамаш ду, олу. Уьш, йетташ, бойъуш, ах гергга хIаллак а бина, цхьаберш махках а баьхна, бисинарш мацалла ле шайна аьлла, дерзинчу лаьмнашка а боьхкина, церан коча хийра гIиллакхаш, амалш теIо Iедал царна хIун аьлла дезар дара? Iедална уьш лара а, церан сий дан а ца хаахь, цкъа а машар хир бац цунний, ламанхошний йукъахь. Айпаш доцуш-м, дера, вац нохчо. Амма дуй дуьнен чохь цхьа а къам, цхьаъ-м хьовха, эзар а айп доцуш?

Муьлххачу къоман стагана санна, нохчочунна а лаац кхечуьнан лай хила. Ницкъ болчо ша мел бIарзварх, корта ца таIош, адамаллин сибатах ца вухуш, цо майра къуьйсу шен маршонехьа. Шен сий ца лахдан, цхьаннан лолли кIел ца вожа, вала лаьа цунна. Iожаллех кхерац иза. Ша эшча, тоьллачуьнга собаре хьоьжу иза. Амма цунна хьалха текхац, цуьнга къинхетам а ца боьху.

ТIом болчу хенахь бIеннаш оьрсийн салти уьдура Нохчийчу. ХIунда? И нохчий къинхетаме а, тешаме а, оьзда а адамаш хиларна. Шайн даймахкахь таIийна, гатвина, бIарзвелла, Iазапех ведда веана муьлххачу а къоман стаг, иза бусалба, керста вара ца бохуш, шайн ваша вой, тIеоьцура цара. Бевдда шайгахьа бевлла салтий дIабоьхуш, вайн командованис хийлазза ультиматум хIоттайора церан йарташна хьалха: йа салтий схьало, йа шаьш йарташ хIаллакйо шун, олий. Амма, шайх тешна, шайгахьа бевлла и салтий инарлашка дIа а белла, и йамартло ца йан, шайн йарташ йагайойтура нохчаша.

– Нохчий къиза, стешха, йамарт адамаш ду бохуш, эладитанаш леладо. Уьш нийсса харц хабарш ду. Нохчочо атталла шайн да вийна мостагIа а ца вуьй тешнабехкца, къиза. Ша цунна тIекхачахь, цуьнан карахь герз дацахь, иза а ца вуьйш вуьту. Ша вийначу шен мостагIчун дакъа шайн къоман гIиллакхехь къилбехьа дерзадо, цуьнан меженаш нисйо, цхьана стаге иза лардан дIалой бен, докъана уллора дIа ца волу. Топ, тур-шаьлта а тухий, стаг вуьй цара, амма диггий, хьокхий тухий, ирхъуллий, меженаш йохуш, вагош вуьйш – и къизаллаш ца лелайо. Герз карахь шайх лата баьхкина вайн салтий а бойъу цара, шаьш сийсаздан боьлча, вайн чиновникаш а бойъу, амма машаречу оьрсичун дегIа тIера чо а ца хьабо. Нохчашна тIехь и сийсазе эладитанаш кхуллучара дицдо цара бойъурш церан йарташ йагийна, бошмаш хедийна, кхаш тIера йалташ хьешна, церан доьзалш байъина нах хилар. Ламанхой шалха дегнаш долуш йамарт нах бу, олу вай. Тоьллачо шена луъург леладо эшначунна тIехь. Ткъа эшначун, лаахь а ца лаахь а, аьшпашций, мекарлонций кIелхьарвийла деза, шен аьтто нисбаллалц. Оцу хьелашка воьжначу ах-акха ламанхочуьнгара бакъдерг, тешам а лехар нийса дац. Масала, схьалоцур вай керста европейцаш. Европейцо эшийначу европейцо ца лелош хIун дуьсу? И харц лийча а, цо аьшпаш боьттича а, йамартло йича а, къиза хилча а, оьздангаллех воьхча а, иза иштта хила догIуш лору. Ткъа цо лелийнчунна аьттехьа а доцу кху ламанхойх даьлла кIеззигниг, дестадой, дуьйцу.