– Доцца аьлча, къаьмнийн классови барт ца хилийта до иза!
– ХIаъа ткъа. Амма Россехь колониальни политико кхин стом ло. Паччахьийн, хьоладайн, динан дайн a бeртаза. Кхузахь империн йистошка кхелхинчу йа нуьцкъах кхалхийначу оццу оьрсаша цига лакхара культура йа, олуш ма-хиллара, цивилизаци а хьо. Цо классови кхетам самабоккху бoдaнeхь лаьттинчу туземцийн. Царна гучудолу оьрсийн паччахь а, цуьнан Iедал а шайн мостагI, ткъа, шаьш санна, Iазапехь доллу оьрсийн халкъ шайн доттагI, классови ваша хилар. Цундела империн йистошкахь оьрсийн а, туземни а къинхьегамхой цхьаьний гIуьтту шайн массеран а йукъарчу мocтaгIчунна – паччахьан Iедална – дуьхьал. Цунна дуккха а масалш ду исторехь. Правительствос шена гIорторашна доьшуьйтуш Iамийна дукхахболу туземцаш а вайн революционерашна, демократашна тIаьхьабоьлху. Доцца аьлча, Яков Степанович, баккъал а вайн халкъо цивилизаци йаржайо Россин йистошка. БIeшeрийн бодашкахь доллу туземни къаьмнаш серлонгa дoху. Цунах воккхаве со, дозалла а до ас.
– Амма, къаьмнийн барт… Иза хила буьтур ма бац Iедало…, – аладелира соьга.
– Ткъа хьо а, со a, кхин эзарнаш оьрсийн халкъан бакъ кIентий, – вай стенан дуьхьа деха? Вай а ма боху: массарна – латта, маршо, нийсо!
– Аларх гIуллакх хуьлий ткъа? Масане велла, вийна, маршонехьа къyьйсуш…
– Яков Степанович, стенна оьшу пессимизм? Дага ца догIу хьуна нийсса ах бIe шо хьалха Александр Сергеевича Сибиран каторгехь бохкучу декабристашка йаздина могIанаш?..
Кхочур йу сатуьйсу зама.
. . . . . . . . . . . . . . .
Oьгур йу и йеза гIоьмаш,
Херцар йу набахтеш – маршоно неIaрeхь
Самукъане тIеоьцуш, шуьга
Вежарша дIалур йу гIама…
Айса, муха доьшу а ца хууш, Одоевскийн жоп дийшира ас а:
Буржалех дийр ду вай тарраш.
Йуха а латор йу маршонан цIе,
Цуьнца тIелетар ду паччахьех,
Халкъаша доIур ду маьрша са…