Светлый фон

 

* * *

– Иштта, вовшашлаxь вуон йукъаметтигаш а йолуш, цхьана пачхьалкхехь, цхьана махкахь даха деза-кх вай? – хаттаделира соьга тIаьххьара а.

– Ца даьхча довлац, – элира Василий Ивановича.

– Уьш нисйан некъ бац ткъа?

– Некъаш-м бу, амма и гIуллакх сатийсам а хилла схьадогIу-кх.

– Бехк ма биллалаxь, Василий Иванович, со ца кхета ахь аьллачух.

Сан къамелхо, соьга а хьаьжна, гIийла велакъежира.

– Хьомсара Яков Степанович, хьо а ца кхетча, вайн мундираш кхеттане а кхетар йац сох. Ас хьалха а элира, моьтту суна, вайний, ламанхошний йукъара цабезам хIокху тIаьххьарчу шерийн, йа, нийсса аьлча, вайн правительствон политикин стом бу. Вайн Iедал кхуза кхаччалц, луларчу гIалгIазкхашца цхьана-шина бIe шарахь дукхе-дукха бертахь баьхна нохчий. Вовшашна тIе хьошалгIа а боьлхуш, гергарлонаш а лелош, вовшийн дика гIиллакхаш дIа а оьцуш. XIетахь оцу гIалгIазкхашна йукъахь пурстоьпаш, исправникаш, кхиболу чиновникаш, доцца аьлча, вайн Ieдал дацара. Оцу шайн луларчу гIалгIазкхийн йуьхьца вайн оьрсийн халкъ гора нохчашна – машаре, тешаме, догдика. Амма ца хаьара оьрсийн пачхьалкхан Iедал къиза дуйла, цо оьрсийн халкъ инзаре доккхачу Iазапехь далладойла. ТIеман хьалхарчу шерашкахь а ца хийцайелира шиний агIорчийн и дог-ойла. XIетахь кху Кавказе тIаме богIурш витязаш ма бара. ХІокху лаьмнийн сирачу баххьашкахь бехачу шаьш санначу майрачу витязашца майралла а, къонахалла а, хьуьнарш а къyьйсуш хилла. Оцу нохчаша шайн маршонeхьа бакъонца къийсам латтабой а хууш. Царах дог а лозуш. И салтий шаьш а ма бара Iазапexь. ТIом чекхбаьлча, дерриг хийцаделира. ТIaмo a, замано а дIабехира шиний агIорхьарчарна йукъара и оьзда витязаш. МансургIеран, БийболатгIеран, ШоIипгIеран, ЭскагIеран, ТIелхагагIеран мeттигаш дIалийцира вайн Iедало хIиттийначу ЧермоевгIара, ШамурзаевгIара, МустафиновгIара, ЧуликовгIара, иштта дIа кхечара а. Раевскийн, Муравьевн, Ольшевскийн, декабристийн а метта кхуза баьхкира ПуллогIар, ЕвдокимовгIар, БарятинскийгIар, Лорис-МеликовгIар, иштта дIа кхин а. Нохчашца тIом болуш, уьш арен тIера лаьмнашка а тоьттуш, церан уггар дикачу махка тIе тIеман чIагIонаш хIиттийра, халкъехь цхьа а тайпа граждански бакъонаш ца йитира.

– ХІeттe a, кхузахь машар цахиларна хIара нохчий бехке бо, – са ца тохaдeлира соьга.

– Хьанна лаьа шен бехкана къера хила? Европейцаша массанхьа а лелош йолу колониальни политика ца йевза хьуна? Хьалха – мозгIарш, тIаккха – эскарш, тIаьххье – колонисташ. Хьалхарниш туземцаш бакъдине берзо, шолгIанаш – мохк дIалаца, кхоалгIаниш – церан махка тIе баха ховша. Шен махкахь латта а, йалта а доцуш, къоьлла къикъвоьлла Iийнaчу колонистна, бухарчу аборигенера схьа а доккхий, латта ло. Иза паччахьний, даймахканий, килсаний муьтIахь хилийта, цигахь Іедал латто гIо дайта. Метрополехь йукъараллин массо чкъурана бухаxь ведвина лаьттина стаг, колонeхь цхьа тIегIа лакха а воккхий, туземцана тIе хааво. Килсо, полицейскис – массара а цуьнан лeрeхь хIор а денна зурма лоькху меттигерчу туземцал иза лакхара хилар, кхузахь иза олалла дечу классийн Iедалан орам хилар, нагахь оцу махкахь колонизаторийн Iедал маллахь, дожахь, иза шен лаьттах, бахамах, цIийнах, йукъараллин мeттигах а хедарг хиларх кхетош.