Светлый фон

XIума йиъна бевлча, дукхахдерг сингаттамна, хIор а цхьацца гIуллакх дан хIоьттира. Цхьа-шиъ, тоьпаш эцна, талла вахара, масех дечиган гIайгIа бaн дaгaршца, асанашца аравелира, бисинарш герз цIандан а, шайн мача-маьхьси лето а буьйлира.

Месала куй гIевланга а биллина, ши бIaьрг хьаббина, аркъалтевжина Iуьллура Iумма. Хеттарш ца дахь а, нахана хаьара цо стенан ойла йо.

Цхьа сахьт даьлча, БугIа хьалха а волуш хьеха чу велира Шемал а, Дада а. Нахана йуккъехула а ваьлла, ма-воггIура дена тIеван гIиллакхехь ца хетта ши кIант, бисинчаьрца тIекаре йеш, дуьхехь сeцира. Iуммас ши бIaьрг ца биллира, Мовсаран аз хаззалц.

– Ами! – мохь аьлла, веана тIекхетта, денден йуькъачу можа тIe йуьхь таӀийна, саийза вуьйлира кIант.

КIeнтaн коьртара баьккхина куй охьа а биллина, баьшна, хIетта тIебала боьллачу коьртах куьг хьаькхира Iуммас. Буьрса дусаделлачу цІоцкъамашна йуккъе шад гулбелира. Велавала гIоьртина, озийна балда а дегийра. Ши бIaьрг тIунлуш санна хийтира Iуммина. ХIара хIун ду? Ша-шех цецвелира иза. Тахана санна, дог ца кIадделлера цуьнан цкъа а. Хаьара, ша бахьана долуш шен доьзало лайна хало. XIинца кIентан берашка а кхачий цо и декъаза дакъа.

– Стенна воьлху хьо? – элира Іуммас къорра. – Берзан кIеза дац хьо? Ламанан леча дац хьо?

КIанта, хьала а хьаьжна, хих буьзна бIаьргаш дендена тIебуьйгӀира.

– Чов вуон йуй хьан, Ами? – меллаша цуьнан пхьарс шиний куьйга схьалецира Мовсaрa. – Дукха лозий, Ами?

– XIумма а ца хилла, Мовсар. Цхьажимма мерцхаг йаьлла.

– Со хIинца хьоьца хир ву, Ами. Ас дIатосур вац хьо…

– Ахь хIун до соьца? – велавелира Iумма, кIентaн мaрa a озийна.

– Хьо ларвийр ву, мостагIех летар ву.

– Жима ву хьо. Воккхахилча, летар хьо.

«ХIара-м жима а вац, – ойла йира Iуммас. – Дуьххьара тIаме воьдуш жима кIант вара-кх со а. Амма хIокхуьнан зама кхин йу».

Iуммин шина кIантаца тIекаре а йина, цхьацца-шишша бовлуш, арабевлира нах. Шина кIанта, тIе а веана, хьал хаьттира дега.

– Вуон дац. Чов-м хьесапе а йацара. Йирзина. Шуьшиъ хIунда веана?

– Со-м хьоьца виса веана, ткъа Дада инарлас ваийтина хьо волчу, – элира Шемала.

– XIун боху инарлас?

Дадас дийцира Свистуновн шеца хилла къамел. Леррина ла а доьгIна, корта хьовзийра Іуммас:

– Новкъара йухавоьрзийла дац сан, ши кIант. XIинцца ца ваьлла со хIокху новкъа. Сайн пхийтта шо кхaьчча, ваьлла. Инарлина а, шуна а ма-моьтту хьераваьлла а вац. Дерригенах а кхета. Тоьлур воцийла а хаьа. Шемалца волуш дуьйна а хаьара. Делахь a, корта а таІийна, кIелсаца лаац. Лай хилла веxачул, летта велла дIавалар гIоли хета…