– Хьуна хIун хета?
– Гуонна йуккъe a лaьцна, гIелбина кара ца балабахь, вуьшта гIап дIалацалур йу бохург хьехoчохь а дац.
Іaьлбага ойла йира. ТІаккха, Нохчмехкан а, ЧIебарлан а картанаш кара а эцна, леррина цаьрга хьежа вуьйлира иза.
– ГIап, хIуъу дина а, йохо йеза, Коьра, – элира цо, карта Коьрега йуха а луш. – Иза цигахь мел лаьтта, толаме сатийсар эрна ду. Ницкъ дукха-м, дера, бу мocтaгIчун. Эрсана-гIопеxь – кхо бIe, Эртан-Коьртехь эзар сов салти ву. Iаьржа-Ахка тIехь – кхо бIe. Веданна кIел гIалгIайн, гIалгIазкхийн а дошлойн ши бIo лаьтта. Веданна гергаоьзна ДегIастанара далийна эскарш. Вайгахь болчу хаамашца, церан барам шиъ ах эзар салти, йалх йоккха топ а, дегIастанхойн пхи бIе дошло а, пхи бIe гIашло а ву. Хулхулон чIожа чу вуллучохь а лаьтта кхо бIe салти. Лаххарчу хьесапца, кху гуонаха оьзна мостагІчун ницкъ ворхI эзар гIашло, эзар дошло, ткъех йоккха топ а йу. Царна гIо деш хир бу вайнехан лаамхойн бIo а.
– Царна дуьхьалхIотто вайн ши эзар бIaьхо а хир вац. Салташкахь керла тоьпаш йу. Уьш сиха а йузу, гена а туху. Вай цкъа тохале, иттазза тоха кхуьу уьш. ТІe, Хаси-Юьртахь а ду эскарш.
Ши доттагI цхьана йукъана дIатийра. Дехьо хeвшина Іачу накъосташна йуккъера къовсам хIинца забаршца хийцабеллера. Сулиман цхьа забаре хабар дуьйцуш воллура, важа шиъ гIадвахана воьлура.
– Дукха-м бу уьш, – элира Іaьлбага ойлане. – Iабдул Хьаьжас а, ТангIайс а шайна тIеозор ду дегIастанхойн эскар. ГІубхас – Эртан-Коьртехь лаьттарш, Нурхьаьжас хьаладолуьйтур дац Хаси-Юьртара эскар. Сулиман шен бIоца хIокху ГIамар-Дукъа хIуттур ву. Вайша, гIопана гуо а бина, уггар хьалха оцу чудоьду хи дIалакъор ду. Тховссехь Iуммина тIе геланча хьажо веза. Вай кхузахь тIом болийча, ЧІeбaрлa гIаттайе аьлла. ДегIaстанхойн ах эскар шена тIеозо деза цо. МoстaгIчун ницкъ дакъошка бекъча, атта хир ду цунна тIехь толам баккха.
Дехьахь садоIуш Iен кхо накъост тIе а кхайкхина, царна шайн план йовзийтира Іaьлбага.
– Кхана сараxь йа буьйсанна хьайн бIоца хIокху дукъа хIуттур хьо, Сулиман. Ткъа хьо, Къосам, вайн хьаннашка йухаверза. XIуъу дaй a, aьккхий меттахбаха. Хаси-Юьртара цхьа а салт хьалавалийта йиш йац.
Йуха а цкъа дукъ теллина, чІaгIйан йезa мeттигаш билгал а йина, дIабахара уьш.
2
Хьехахь хийцамаш боцуш дIаоьхура денош. Іуммин чов а йирзина йогIура. Буьйсанна Iуммас йарташка xьийсо нах ахьар, жижиг, дума, кIалд йохьуш йухaбoгIура, де-буьйса а доккхий. Цара йиллина зIe латтайора йарташца. Цигара дуккха а нах кийча бара, Іумма тогIешка воьссича, тIаьхьахIитта.
ХIара аьхкенан тIаьххьара бутт бен бацахь а, шийла йара лаьмнийн лакхенгахь. Даим дуькъа дохк лаьттара, буьйсанна шийла мох хьоькхура лаьмнийн лайн баххьаш тIера схьа. Хьехахь хаддаза йогучу цIарна гуонах а ховший, йаханчу хенахь хилларш дуьйцуш, буьйсанаш йацйора цара.