– Со а ву-кх Ами лаха воьдуш. Иза мичахь ву хаьий хьуна?
– Шамина хаьа. Хьо хIунда воьду Ами волчу?
– Хаац…, – элира Дадас гIийло. – Иза тIевало вохуьйтуш ву-кх инарлас.
Мовсар леррина ден веше хьаьжира.
– Ами вогIур вац, – элира цo сaцамболлуш. – Цуьнца Иба а ву. Шама а, со а хир ву цуьнца. Тхох цхьа а инарлина тIевогIур вац.
– Шу стенга даха дохку?
КІeнтaн дерачу хьажаро цецвaьккхира Дада.
– Цхьаннахьа а. Тхайн лаьмнашкара а девлла, тхо мича гIур дара?
КIанта шена Іиттарш йеш санна хийтира Дадина.
– Схьалоьцур ду шу, йа дойъур ду. Къийсар эрна ма ду, Мовсар. Ами вуон ваханa Iaьлбагна тIаьхьа. Ашшимма лелориг а ду хьаштдоцург.
– Схьа-м лоьцур дац тхо, дайъахь – дойъур ду-кх. Ткъа къена Ами дIа а тесна, цIахь муха Іа тхойша? Иза хьан ларвийр ву? Миска Ами! Чов хилла, боху, цунна…, – кIентан Iаьржа ши баьрг хих буьзира. – Мичахь ву а хаац… Дийна вуй а хаац…
– ДІавала, осала ма хила. Шийтта шо кхaьчна кIант, йоI санна, воьлхуш… Хьох стаг маца хила воллу?
– Ца вилxина, ас хIун дийр ду? – мохь белира кIентан. – Хьо а, Шама a Iедална гIуллакх дан вахчахьана, со-м бераша кетIа вала а ца вуьтурий… Шуьшиъ тIехветташ… МостагIийн йалхой ду бохуш… ТІаккха Ами Iедална дуьхьалваьлча а, шуьшиъ тIехвeттара… Хьан да а, ден ваша а шайн дa вeн гIерташ ву бохуш…
– Охашимма цхьанне а зулам ца дина, Moвcap. – КIентан дог тедан гIоьртира Дада. – ДуьххьалдIа хьо кхетац. Тхойшинна а ма кIордийнера дуьнен тIе ваьлчахьана къиза дуьне даа. Ами лаьцча, хIара дуьне гатдинера тхуна. Цхьана агIор – Iедал, вукху агIор – Амин шира мостагIий. Iедална гIуллакх дича мукъане а садаIа дуьтур дацара-те аьлла, хийтира. Ткъа тхойша хилла ма ца Iара оцу новкъа ваьлларг. Тхойша-м гIаддайна ваьллера. Ткъа нах шайн лаамехь бу Iедална бецаш. Цхьаъ йуьртда ца хIоьттича волурий? Шемал ца хIоьттинeхь, кхин хIуттур вара.
ХIара шиъ къамел деш лаьтташеxь, говрахь хил сехьавелира Шемал. Кхузахь лаьтташ жимахволу ваша гича, цецвелира иза. Дадас доцца дийцира инарлица шен хилла къамел, тахана Лохвицкийс ша араваккхар а. Ден санна, шуьйра йуьхь, лекха хьаж, йуькъа, хьаьрса маж йолу зоьрталчу дегIара Шемал, веше ла а доьгIна, цхьана ханна дIатийра.
– ДIагIо, Дада, – элира цо, шен шуьйра накха совсош, доккха са а даьккхина. – Хьайна ца карийна аьр ахь. Вайша бохург дийр ма дац цо.
– Ахь хIун до ткъа?
– Со деца ца Iийча валац. Да – дa мa ву.
– Ткъа со?
– Хьо жима ву. Ахь доггах гIуллакхдахь, инарло къинхетам бан а мега.