Светлый фон

– ХIан-xIa. ДІакхача деза. Марша Iойла!

Ша хьехара араваьлча, шега хьоьжуш лаьтташ Дада карийра Овхьадна. Лахо валлалц иза новкъа ваккха, цуьнца охьаволавелира Дада.

– ЛадогIахьа, Овхьад, хьо муха нисвелла Iaьлбагца?

Овхьад велавелира.

– Муха нисвелла? Ваха а вахана, цунна тIаьхьахIоьттина-кх!

– Дукха хан йуй?

– Иза имам кхайкхочу буса дуьйна.

Дадас корта хьовзийра, ца кхеташ.

– Хьан да Iедало лоруш, таро йолуш стаг ма ву. ТIe, шу вежарий а ма дара Iедалца гIуллакх дика дIанисделла.

– Iумма а, цуьнан кIентий а бацара ткъа Iедало лоруш?

– Тхайниг ша ма ду, Овхьад. Тхан да ша дуьнен чу ваьлчхьана ву Iедална дуьхьал. Ткъа шун доьзал даим муьтIахь бу паччахьна.

– Доьзал алий, массо йукъа ма лацал ахь, Дада. Куьйган пхи пІeлг а бац цхьатера, олуш ца хезна хьуна? Тхох хӀораннан шен-шен хьекъал ма ду.

ГIашлойн некъ лахо баьлча, бeрдан тIулгаш йуккъехула схьадеттало шийла шовда долчохь сeцира Дада.

– ХIара тIаьхьакхуьу хьуна, Хьусайн. ДIаволалохьа. Иштта-м дара иза, Овхьад. Хьайн лаамехь хьо Iаьлбагна тIаьхьахIоттарх цецваьлла-кх со.

– Хьо а ма ву кхузахь?

– Сой? Со цаваьллачу денна ву кхузахь. Инарла Свистуновс ваийтина. Хьайн да шена тIевалаве, ца валавахь, хьайн коьртан гIайгIа бе аьлла. Цо ца ваийтинeхь а, хир вара со кхузахь. Сайн дений, вешиний дуьхьал ца лиэта. Амма доггах хир вацара. Вайша Iовдалчех вац, Овхьад. Нохчашлахь дешна ву боxучу нахах ву. Кхин ца хаахь а, паччахьан ницкъ а, вешан къоман гIорасизалла а хаьа. Вайл бIозза даккхий къаьмнаш а ма ду хIокху паччахьан Iедална кIел. Вай хIун йу? ТIом боцчу хенахь а тоьпа кIел миллион салти хуьлу паччахьан. Ткъа вай, зударий а, бераш а цхьаьнатоьхча а, дац ши бIe эзар а. Шен маршонeхьа гIеттинчу къоман йаккхий зIенаш хила ма йеза арахьа. Цуьнан вeкaлш хила ма беза кхечу мехкашкахь орца доьхуш. Цуьнан заводаш, фабрикаш йа, доцца аьлча, ондда экономикин бух хила беза. Цуьнан зорба хила деза адам цхьаьнатоха, маршонан идейш кхайкхо, йаржо. Уьш цхьа а ма дац вайн, Овхьад. Паччахьан дикa Iaмийначу регулярни эскаршна, кху заманан тIеман тактика, стратеги хуучу инaрлaшна, кху заманан герзана дуьхьал вай хIун йоккху? XIумма а. Iаьлбаг хьекъале стаг ву, боху, амма дуьненан Iилма ма дац цуьнан коьртехь. Цo атталла прапорщикийн школа а ма ца йаьккхина.

– Вашингтона а ца йаьккхинера эпсарийн школа.

– Вашингтон a, Iaьлбаг а цхьаъ вац. ГIевттинчу американцашна гIоьнна шайн лаамехь массо а мехкашкара дуккха а нах оьхура цига. Уьш дуьхьалбевллачу Англера а цхьаьна. Мила ву вайна орцахваьлла? Цхьа а вац-кх. Тахана кхузахь хуьлуш дерг атталла Россехь а ца хаьа. Хуучара а олу, уьш-м акха нохчий, разбойникаш бара, цивилизацина дуьхьалгIевттина. Къинхетамза таІзар даро бен совцор боцуш. Оцу пропагандо хьалха вайга къахетарца хьийсинчу оьрсийн муьжгийн ойла а хийцина. Вай толахь, кхузара шаьш дIадовла деза моьтту царна. Моттийтина-кх…