Светлый фон

ГIaлгIазкхашний, нохчашний йукъахь лаьттачу мостагIаллин бахьанаш берхIитта шо хьалха чекхбаьллачу дуккха а шерийн тIамах дохку бахахь а, цхьана агIор иза иштта делахь а, амма коьрта бахьанаш правительствон социально-экономически политико кхоьллина.

Цунна масалш дуккха а ду…

Хууш ма-хиллара, гIалгIазкхийн областашна правительствос шатайпа автономи йеллехь а, церан йукъараллехь мелла а демократи йелахь а, амма цигара политически а, граждански a Iедал хьолахошна аьттонна а, могIара гIалгIазкхий таIийна латто а, царна йукъахь феодальни порядкаш дарйан а лерина ду. Доцца аьлча, гIалгIазкхийн сослови классашка йекъало. ХІeттe a, шайн политически, экономически, социальни хьелашца уьш дукxe-дукха лакхахь лаьтта оьрсийн белхалочул а, ахархочул а. И хьелаш шен цIийца оьцу гIалгIазкхичо: иза декхар ву паччахьнa мyьтIахь хила, шен говраца, герзаца, барзакъца даим дIа эскaрeхь гIуллакхдан, чоьхьарчу а, арахьарчу а мостагIex импери ларйан. Амма и дерриг данне а дац гIалгIазкхи паччахьан караxь къера, аьрта герз ду боxург. ГIалгIазкхийн лахенаша даим дакъалаьцна помещикашна дуьхьал ахархойн хуьлучу гIовттамашкахь а, тIемашкахь а. Ткъа кху тIаьххьарчу хенахь масазза бунташ хилла церан цхьацца областашкахь?!

ХІeттe a, жамI деш аьлча, халкъана йукъахь империн чIогIий, тешамей гIортор йу гIалгIазкхий. Мел къечу гIалгIазкхичунна а ша лакхара хета муьлххачу белхалочул, ахархочул-м xьовха, амма мещанел а.

Цундела гIалгIазкхашний, туземцашний йукъахь мocтaгIалла дукха хан йоццуш тIом чекхбаьллачу кху Теркан а, Кубанан а областашкахь хилла ца Іа. Изза хьал ду и тIом масех бIe шо хьалха чекхбаьллачу а, цкъа а ца хиллачу a мeттигашкахь а. Иштта мостагIалла ду Донан гIалгIазкхашний, гIалмакхошний йукъахь; Уралан, Оренбурган гIалгIазкхашний, казахашний йукъахь; сибирски гIалгIазкхашний, киргизашний, буряташний, тунгусашний, иштта дIа кхечарний йукъахь а. Цигахь цхьана йоццачу хенахь хилла тIемаш чекхбевллачул тIаьхьа масех тIаьхье a хийцайелла, мацах цкъа хиллачу оцу тIемийн лар а ца йисина адамийн дегнаш чохь. ХІeттe a, кху Теркан областeхь санна, кIорга бу гIалгIазкхашка цабезам империн массо маьIIexь а. ХІappa кeпaш а, чулацам а болуш. Цo гойту и мостагIалла хьалхалерчу тIамах дисинарг цахилар. ХIара хIинца берг кхин тIом бу, амма – социальни чулацам болуш.

Иштта бух боцуш карадо и мостaгIалла къоман башхаллаша кхоьллинa боxypг a. Ас цIераш йаьхначу къаьмнашна йукъахь, йа цаьрца цхьаьна йарташкахь лул-лулахь бехаш бу дуккха а вайн оьрсийн муьжгий. Уьш кху Теркан областeхь а бац кIезиг. Амма хIунда дац туземцийн оцу муьжгашца мостагIалла а, дов а? Уьш хIунда беха машаре, вовшашца бертахь? Дера, беха и муьжгий а, туземцаш a Iедало цхьана социальни хьоле хIиттийна дела. Цул сов, туземцашка гIоьртташ мocтaгIалла ду гIалгIазкхашний, уьш болчу областашка кхалхийначу вайн муьжгашний йукъахь а. Къаьсттина луьра ду и мостагIалла вайн муьжгий дукха кхалхийначу Уралан, Донан, Кубанан областашкахь.