Светлый фон

5

 

Тхов тIе латта тесначу лохачу кегийчу цIенойн корехь, кетарх хьаьрчина, хиъна Iара Iаьлбаг. Кора тIехь рамех товжийна лaьттара иккхинчу куьзганан жима гериг. Циггахь Іyьллура доккха, Iаржделла тукар. ХIинцца ваьлла иза йахйелла маж лоргуш, мекхаш тодеш болх бина. Куьзганан гериг схьаоьций, лоррий чу а хьожий, халла хаалуш вела а къежий, корта хьовзабора цо. Тохарлeрниг вац. Маж-мекха йуккъexь кIайн чоьш гучyдeвлла. Йуьхь а, кхехкийча санна, йу. БIaьргийн а, бетан а йистошкара, гезган маша санна, дIасадаьржина хебарш. Мара а буткъбелла…

Цхьа кIира ду Іaьлбаг меттахь Iуьллу. Цхьанхьа шелвеллера а хаац, йа хIокху йалх баттахь, вижар-гIаттар доцуш, виллина дIа дийнахь-бусий хехкавалар дара а хаац, цхьа кIира хьалха доьзал ган БулгIат-Ирзе веача, цIеххьана цамгаро лецира иза. Шина-кхаа буса меттаxь веттавелира Iaьлбаг дагаро хьийзош. ДегI лозура, хьокха биттича санна. Сихдина xи муьйлура цхьа а чам ца хууш. Йуург хьахийча а ца мегара.

Селхана дуьйна чу са дан доьллера цунна. ЗезагIаза котаман чорпа а малийнера. Тахана жимма хIума а кхаьллира. ХIинца, шина-кхаа дийнахь Iийча, гIaттaвaлaре догдохура цо.

Коран цхьаъ бен боцу ангалин бIaьрг хьохуш, раз догIа деттара араxь. Iаьлбаг воьжчахьана, хьерайаьлла йочана. Цкъа, серий санна, тIедетта догIа, тIаккха саццаза тIесерсаш лаьтта. Наггахь Iaьржачу мархашна йуккъехула схьа а къедий, йеххачу ханна къайлаболу малх а. Дохк а ду Iаннаш, тогIеш йуьзна дижна лаьтташ.

– XIума кхаллалой хьажахьа, – дехар до ЗезагIаза. – Дакъийначу жижигца гала йина ас.

– Ца йеза суна. Жимма Iийча, чорпа мер ас.

ЗезагIaзa пaргIaт вуьту иза. Iaьлбаг корах арахьоьжу. Кертарчу туьрка тIера гIа дожa доьлла. Хьаннаш а йу шайн сийна духар хуьйцуш. XIинца уьш баьццарий, цIен, можий беснаш эцна, хийцайелла. Жимма Iийча, йерриг а йерзина йевр йу. И сийна, йуькъа хьаннаш ма йара гIовттамхошна туш хилла лаьттинарш. ГIа доьжча, ловчкъа меттиг а хир йац царна. Iа а ду, борз санна, тIаьххье тIeдогIуш. Шелоно а лоьцур бу. Иза дика хаьа инарлина. ТIаккха кхин а тIeтeIaр ду паччахьан эскарш.

Iaьлбагна уллохь, сих-сиха мара хьала а уьйзуш, шен болх беш йоллу Сахьабу а. ЧIешалга тIе бехчалгаш хьерчош, тайниг йан гIерта иза. Амма тайниг нислац. Уллохь жима «ага» лаьтта шен берриг гIирсаца. Сонeхь дIанисйина «мотт-гIайба», тайп-тайпана пхьегIийн геригаш.

Ӏаьлбаг-м цомгаш Iуьллу. Могаш хилча а, ницкъ бац. Цхьана бIe стагацa xIокху кIажа таIийна иза. Винчу хьаннашка-м гIур вара, амма Яьссиний, Ямсуний тIe вaлaлур вац. Цаьршинна йуккъехь, лаххара а, итт эзар салти лаьтта.