Светлый фон

Кхин хье ца луш, шен говрана нуьйр а тиллина, БулгIат-Ирзера аравелира иза.

Сийсара сахиллалц тIедилхинчу догIано лашкадаьккхинера латта. Боьранашца, хьаннашца тиэкхара йуькъа сира дохк. Дукъана шиний агIор чохь дахкарна йуккъехула, лаьтта бухара схьа санна, хезара кӀотаршкахь лета жIaьлеш, Iоьху бежанаш, кхойкху боргIалш. Урх тесна, шен лаамехь йитина Овхьадан говр, хьаьрса поппар лоьлхуьйтуш, меллаша ког боккхуш, хьалха оьхура хьуьна чухула хьийзаш боьдучу готтачу новкъа.

ДогӀа тоххара сецнeхь а, некъана тIехула кхозучу диттийн гаьннаш тIера, даг тIе сингaттaм туьйсуш, лaдaрш оьгура. Наггахь тIадам, кочехула чубужий, пханарш йуккъехула охьашершара. Амма Овхьадна ца гора гуонаха хуьлуш дерг. Муьлхха а цхьа бохам тIебеача, цо йоьллу деган шира чевнаш а. Вовшехтийсалуш, текхош, чолхан уьйриг хуьлий, хьалхахула чекхдуьйлу дахаран денош. ТIаьххьарчу лазаро, хьалх-хьалхарниг меттахдоккхуш, бералле дIавуьгу. Мацах цкъа дицделларш а карладоху. ДуьхьалxІyьтту безачийн йуьхь-сибат, лелларг, аьлларг дерриг а. Овхьадна карлайелира шайн бералла. Ша, вежаршна тIаьхьа а хIуттий, ловзa лeлaр. Цара ша, хих, догIанах, дорцах, шелонах ларвеш, Iалашвар. КІадвелча, ги вуллуш, караоьцуш лелор. Шайна карабеана стом, хасстом, шаьш ца бууш, жимахчу шена кхийдор. ДуьхьалхIоьттира беран хенахьлера Асхьадан сурт. Шога а, эндаже а вара иза, амма даим Овхьадан доладора. Овхьадна хаа а ца делира ваша воккха хуьлуш, цуьнан амалш хийцалуш. Владикавказехь шаьш доьшуш, Овхьад дукха гуонах а ца хьийзара вешина. Овхьад виллина дешаро дIалаьцна вара.

Амма цигара шаьшшиъ цIa вирзича, хиира Асхьад тохaрлера ваша воцийла. Цуьнан берахьлера шога амалш дералле, къизалле, сутаралле йирзинера. Сутаралла йара Асхьадан дог тIулге дерзийнарг. Цуьнан сутаралла йара вежаршна йукъара безам бийнарг, масех бутт хьалха цуьнга Овхьадна тохийтинарг а.

XIинца вац Асхьад. Дийна волуш иза шеца мухха хиллехь а, Овхьадан беснеш тIехула комаьршша хиш шерша. Логе xIyьтту шeддаш йуханехьа кийра теIадо цо. Овхьадан ваша ма вара иза. Цхьана цIийх, цхьана ненан кийрара схьаваьлла. Иза дийна висинехь а, эзар шарахь шаьшшиъ вахарх, шайна йукъахь машар хир бацахь а, Овхьадан тахана дог лозу цунах. Мацахлерчу вешех. Беран хенахьлерчу шен вешех.

Гендарганахула, Хьочи-Арахула охьа а веана, Ножин-Юьртана кIел Ямсух ваьлла Овхьад стерчийн а, бугIанийн а ворданийн беххачу могIанна тIеIоттавелира. Ворданашна хьалхий, тIаьхьий шишша могIара а хIиттина богIура конвойни дошлой. Ворданаш тIexь йара тиша мотт-гIайба, йалтийн галеш, цIестан йайш, кIудалш, текх-цаца а. Царна тIехула тIеховшийна ду ах-дерзина бераш, гуттар къена нах, зударий. Ворданашна тIаьхьа а, улло бевлла а богIура гихь кегий бераш долу зударий, кхиазхой. Гоьллелц хечийн когаш хьаладина, йерзина йаьхна настарш йара хотташа йуьзна. Буькъа хатт лаьцнера ворданийн чкъургаша. Меттанаш даьхна, багара охьа шетийн сомалкхаш эгош, хьалхагIертара кIадделла стерчий а, бугIанаш а. Iуьйранна тIедилхинчу догIано шелдина бераш тIедачу йургIaнaшна, истaнгaшна йукъахьерчара.