Овхьад гучуваьлча, маьхьарий довлу зударийн. Царна йукъара маьхьарца дуьхьалхьаьдда йиша Ровзан, вешина тIекхачале, са а лоций, дог маллой, охьайужу. Цхьана агIор дог доруш, лeрeхь дека ненан къора йелхар.
ТІeбaьхкинчу зударша, шийла хиш хьоькхуш, саметтайалайо Ровзан.
– Вай, нанас йинарг йала хьан, Овхьа-а-д!.. – тийжа Ровзан.
Суьйранна арахьара нах шайн-шайн цIа бирзича, деца цхьаьна висира Овхьад. Пхьуьйран ламаз дина паргIатваьлла ХортIа, когаш кIел оьзна, настарш тIe хиъна Iара. ХIетта дIаваханера йеса деша веана Товсолта. Дехьа чохь гулбеллачу зударийн лохха къамелаш хезара. Хан лоьллуш, цхьана эшшарехь лестара пенаца кхозучу сахьтан Iайг. Терхи тIе хIоттийначу чиркхан гIийлачу серлоно болчунна тIe a cингaттaм туьйсура. Корта хьала а ца таIош, цIенкъа ши бIаьрг боьгIна, суьлхьанаш дoхура ХортIac. Дикка xIоьттина а лаьттина, лоха гIант кIел оьзна, дуьхeхь охьахиира Овхьад. ХортIac совцийра хьийзо суьлхьанаш.
– Хьо цIa xIyндa веана, кIант?
Овхьада жоп ца делира. Ваша велча, цIа ца вогIу?
– Тхойшиннах хаьдда ца ваханера хьо?
– Со вацара бехкениг.
– Мила вара ткъа?
– Хьуна ма хаьа иза.
– Хаьа, дера-кх. ДIавала суна гучуьра. Ахь вийна хьайн ваша. Оцу писашна тIаьхьа а xIоьттина. МIaьчиган Коьрий, Васалан Юсуппий волчу дIагIо. Уьш бу хьан къастийна вежарий. Хьайн вешин чIир йекха стаг хьо а вац. Нехан бехках ца кхерахьара, ас сайн куьйга садоккхур дара хьан.
– МIaьчиг, Васал, церан бераш а стенна бехке бу?
– Хьуна ца хаьа и, ва боьрша йоцу къиг?! Цаьршимма ца вийна хьан ваша.
– Вийна, салташна хьалха а ваьлла, иза а, хьо а шайн цIeнош дaгo вeача.
– Сацайе муцІар, къyтIa! – голаш тIехь хьалаайъавелла, стаммийчу балдех шеташ туьйсуш, мохь хьаькхира ХортIас. – Сан бахамна цергаш хьекхораш муьлш бара? Шайн аьтто баьлча, со вуьйр верш муьлш бара?
– Наха хьан бахам ца хьабина, хьо а ца вийна. Хьан цIенош а, бахам а дийна бу…
– Собарде аш, заддаш! – мохь хьоькхура хаза кхоччуш дарвеллачу ХортIас. – Собарде аш! Ас шуна тIехь хьукІма ца дахь, ас зудчун кортали туьллур ду коьрта! Сайн куьйга вуьйр вац ас хьо. Амма Iедале дойтур ду дан дезарг. XIинца дIавала суна гучуьра. Кхин хIокху керта ког ма биллалаxь! Со хьан да а, хьо сан кIант а вац!
Овхьад аравелира. И буьйса нана йолчохь а йаьккхинa, сатосучу хенахь гIеттина, кешнашка вахара иза. Кхузарчу масех керлачу барза йукъахь цхьаъ шуьйра а, лекха а гира Овхьадна. Иза МIaьчиган а, Васалан а йукъара каш дара. Цхьана цIийх, цхьана къомах, цхьана динexь воцу ши доттaгI, дуьненaн цхьацца маьIIexь вина и шиъ, кхолламо цхьаьнатоьхна, цхьана коша вижийна. Амма коьртехь чурт дац шиннен. Ножан дечиг йу цестина шарйина йоьгIна. Цхьамма, уьрсаца охкуш, йазйина цIерш а: