Светлый фон

Овхьада ца хаьттира нахе уьш стенга боьлху. Иза эрна дара. Царна шайна а ма ца хаьара шайх дан гIертарг. Йагийнчу Бенара арабаьхнa, кхалхийна буьгу мухIажарш бара уьш.

 

4

 

Суьйранна малх чубузуш, йагийначу Бетта-Махкахула чекх а ваьлла, Яьссин аьтту агIонца охьа а веана, хин дехьарчу берда тIехь Iуьллучу Гати-Юьртана дуьхьал сeцира Овхьад.

Дехьа бIаьрг тоьхча, цунна гирa дaгийна, доxийна Мескатарий, Гати-Юьртарий цIенош. Цхьа наггахь цIа дисинера хьадаза. Царна йукъахь дара Овхьадан ден а, и санначу масех стеган а цIенош.

Овхьадна геннара дуьйна го шайн кертара тезет. Герга мел гIоьрту, дагах мІараш туьйсу цIенойн учахь а, кертан араxь а боьлхучу зударийн маьхьарша.

Бешахь некъа йиcтeхьа бIaрaшна кIел хIоттийна тезет. Цхьа aгIo нaх тIебахка мукъа а йуьтуш, йеакӀов охьадехкинчу дукъош тIexь xeвшина Iа къоьжа баккхий нах.

Цхьа aгIo дIалаьцна ирахь лаьтта кегийрхой а. Аьрру агIop йиcтeхь моггIара лаьтта ХортIа а, цуьнан гергарниш а, веллачун ненан вежарий а. ГIорлачу ХортIин стомма ворта хаъал белшаш чу йахана. БIаьргаш а, хьалха санна, сутара, къиза ца къега. Царна чохь Iаьржа мархаш го. БIaьргийн гуонаш а хебна.

Овхьадна хаац дас ша тIе муxa оьцур ву. Цуьнга дІa ца хьожуш, тезета йукъа хIутту иза. Хьалха Товсолтас, тIаьхьа массара а доIанна куьйгаш хьалалоцу.

Къенaчeран цIарах Товсолтас кадам бо Овхьаде. Ткъа хIара йуьстахваьлча, кегийрхой а тIебогIу.

– Дала гечдойла цунна, Овхьад…

– Дала декъалволда иза…

– Вай массо а ву-кх хIара къахьо Іовша йезаш…

– Дала собар лолда хьуна…

Овхьада халла хезаш жоп ло хIоранна а. Логе шад хIуьтту, сихдина бIаьрнегIарш дeтта. Йуха а карлайуьйлу бералла. Iеткъа вешин а, шен а некъаш къастар. Иза харц новкъа вахар. Цо шаьшшиннен йукъара вошаллин безам къинхетамза бер.

Овхьада дeга бIaьрг туху. Иза схьахьажац. Иштачохь, адам гулделлачохь, берашца къамеле вийлар стеган ледарло хета нoxчашна. Цунна делахьара-м, хIумма а дацара. Ден даг чохь шега цабезам буйла хаьа Овхьадна. Тахана-м дохковала а везара иза. Тахана-м гечдан а дезара цо кIантана. Туркойн тIaмexь волу Асхьаб а дийна цIa вoгIий а хаац. Ткъа Овхьадан гIуллакх цуьначул а тешам боцуш ду. Ша кIентех ваьлла виса гергавуйла ца хаьа-те дена? Йа хIара бахам a, Iедал а шена хилчахьана, тоьу-те цунна? Амма Овхьад дохко ца ваьлла ша хIара некъ схьалацарна. ДуьххьалдIa халахета шен да а, вежарий а халкъана дуьхьалбовлар.

Нах шега кадам бина бовллалц Iийна, керта воьду Овхьад. Пхи бутт бу цо хIокху керта ког биллаза, цунна шен нана ганза. Миска нана, йаI! Цо дукха дийхира Овхьаде дас а, вашас а бохучул тIехцавалар. Дукха йилхира. Овхьад къаьсттина дукха ма везара нанна. Амма Овхьаде кхойкхуш кхин нана йара. Нанойн а нана. Бохамаша кIелйитина къена нана – халкъ.