Светлый фон

– Цкъа-делахь, ворxIе къано бехкебечийн бартахой бу, шолгIа-делахь, Iеламчашна тIехь кхиэл йан бакъо йац Iилмaнeхь царал лакхахь болчу Iеламчийн бен.

– Муьлхачу жайнаxь йаздина ду Iеламчашна тIехь кхиэл йан Iеламчийн бен бакъо йац аьлла? – xaьттира Іaьлбага.

Хайрулла вист ца хилира.

– Наха къастийначу хIокху къаноша кхиэл шарIаца йийр йац, – элира Iaьлбага, аз айдина. – Вайн къоман Iадатехь йийр йу. ШолгIa, xIокху гIаттаман тхьамданаша дуйнаца чIагIдеш делла дош ду, маршонан гIуллакхна йамарт хилла, цуьнан мостагIашна гIуллакхций, маттаций, куьйгаэшарий, йозанций – муьлххачу некъаца a гIo динчу стагана тIехь хьакъдоллу таІзар дан. Иза шен да-нана, йиша-ваша, доьзалхо – милла велахь а. Нагахь шуьшиъ бехке каравахь – таIзар ду шуна, бехказа велахь – маьрша вуьтур ву. Реза вуй шуьшиъ?

– Ца хилча волий тхойша?

– Ткъа хьо, Товсолта?

– Вац. Txоьгахьа а, шуьгахьа а озабезам бийр боцу нах харжа къаной.

– Наха хаьржинарш бу кхуза хевшинарш. Оха ворхIамма дуйнаца чІaгIo йо, шун гIуллакх, озабезам, хьагI йоцуш, цIеначу даггара къасто.

Дуйнаца дерг чекхдаьлча, нахе вистхилира Iаьлбаг.

– Мила ву хIара лаьтта Хайрулла а, Товсолта а бехкевийриг? – хаьттира Iaьлбага.

Тобанна йукъара хьалхавелира Нурхьаьжа а, Дадаш а, Акхта а.

– Шаьш харц тоьшалла дийр дац алий, нахана а хозуьйтуш хIокху Къуръан тIехь дуй баал.

Кхааммо а дуй биира, шаьш цхьа а дош харц эр дац аьлла.

– Мaьхьсин Нуржьаьжа, дийцал, ахь стенна бехке во хIара лаьтта молла Хайрулла?

Нахана хозуьйтуш мохь тоьххана Нурхьаьжас йийцира молла Хайруллера йевлла йамартлонаш. Амма цIе ца йаьккхира цуьнан вешин кIентан Тохтарханан. Нурхьаьжас дийцинарг бакъхилар чІaгIдира Дадаша.

– Шаьш дийцинарг чIaгIдан теш вуй шун? – хаьттира Хайруллас.

– Ву. Амма оха дош делла иза ца вийца.

– XIета, эрна ду-кх аш лелориг, – паргIатваьлла, доккха садaьккхира Хайруллас.

Кисанара схьадаьккхина, кехат Iаьлбаге дIакховдийра Нурхьаьжас. Кехата тIехула бIaьрг кхарстийна, иза Хайрулле дIагайтира Iаьлбага.

– ХIара йоза хьан дуй, Хайрулла?