Светлый фон

Ша дIавигале, схьа а вирзина, мохь туьйхира Хайруллас.

– Суна хаьа аш лелориг, Олдаман Іaьлбаг! Шу писашка лалац тхо шайл тоьлуш хилар. Тахана-м аш тхойша вуьйр ву, амма кхана шуьга а кхочур йу раж!

– Тхо кийча ду оцу денна, Хайрулла. Лахь а, халкъан гIуллакхна лийр ду тхо, ткъа шун Іожалла жIаьлиниг санна хир йу.

Цхьа сахьт далале йассайелира маьждиган майда. Шен бIo a эцна, Бена йухавирзира Іaьлбаг. Уьш регIа бевлча, Чеччалхе эвла йистехь тоьпаш йевлира.

 

2

 

ДегIаста гIеттича, мелла а дог-ойла аййелла Iаьлбаг жигара хьийзара Басса тIехь.

Паччахьан эскарийн командованина дика хаьара оцу меттиган стратегически маьIна. Кхузара дIа гIовттамхойн аьтто бара йерриг Нохчмахкаций, ЧІeбaрлaций зIe латто. ТIe, цигара дIа бара ДегIастана боьду цхьаъ бен боцу цхьа некъ а. Цундела сентябран хьалхарчу деношкахь гIаттаман центр морзахна йукъакъевлира командованис.

Лаьмнийн когашкa хIиттийра йаккхий отрядаш. Басс а, Хулхуло а аренга долучу а, Ойсхаре, ЗазаргIане a. Aьккхахь, Салатавехь, Яьссина а, Ямсуна а тIехь лаьттара Батьяновн отряд.

Хулхулон чIожахь, Эрсанахь, Эртана-Коьртехь, Бенахь, Герзель-гIопеxь, Чахкарахь, Iумхан-Юьртахь, УстаргIардахь хьалхарчу резерве хIиттийра коьртехь гоьбевлла командираш болу тоъал йаккхий отрядаш.

ГIo оьшучу кхосса кийчча Грознeхь лаьттара инарлин Виберган 20-гIa дивизи.

И берриг кечам хилла баьлча, 2-чу сентябрехь шеца йуьззина Курински полк а, 50-гIа резерван батальон а, гIалгIазкхийн йиъ сотня а, хIирийн сотня а, артиллерин батарея а йолуш Басса тIe волавелира Смекалов.

Кхаа дийнахь тIом кхихкира Басса тIехь. Чим бира МахкатIех, Элистанжах, Хоттанех, Тевзанах. ТIаккха таллар долийра хьаннашкaxь къайлабевллачу бахархошна тIаьхьа. Цаьрца цхьана лагере схьалоьхкура бежанаш, говраш, yьстагIий. ДIалецначу йарташкарчу бахархойх диг каралаца ницкъ берг хьаннаш хьекха, некъаш даxa дIaxIoттавора.

Амма шера дIа ца доьдура таІзардар. Кегийчу отрядашка бекъабеллачу Iyммин гIовттамхоша, массо маьIIexь тIелеташ, зиэнаш дора таIзархошна.

Цаьрга дуьхьало сацайайта, ша Iеминчу тактике кхевдира Смекалов. Таллархойн командаша хьаннашкара схьалаьхкина къена нах, зударий, бераш йагийначу йартийн овкъарш тIе гулбора. Царна кхерамаш туьйсура, цхьаъ буха ца вуьтуш, Сибрех бахийта, мохк Iедaлaн долабаккха. Эххар а баккхийчу нехан векалш бахкийтира Смекаловна тIe. Цара схьахьедира, шаьш Iедална муьтIахь хилла совцу аьлла.

– Цхьа бутт бу берзина зударий, бераш хьаннашкахь лечкъа, – бохура цара. – Мацаллой, шелоной бIарздина адамаш. Къинхетам боьху хьоьга, инарла…

– Къинхетам бийр бац! – доцца хадийра Смекаловс. – Шу Ieдалан мостагIий ду. Кхин йарташ йухайевлча а, къар ца луш, дуьхьало йина аш. Поручик Ойшиев! Шемал-къеде спискаш йайтал схьа мел веанчун. Кхо де хан йу шуна. Цул тIаьхьа хьаннашкахь карийнарг вийча, гIовгIа ца йер аш.